ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: Закаев схьавийхи, Джумаев карий, КадыровгIеран бахам гучубели, "хIумахуу" зуда а леци


Оршот, Дечекен-беттан 25-гIа де

Британига Закаевна экстрадици яр доьху нохчийн Iедалша

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга а, Инарла прокуроре Краснов Игоре а дехар дина пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила, нохчийн оппозицин политик Закаев Ахьмад Британига схьавеха аьлла.

Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Ялх гIаттамхо а вуьйш, тIаьххьарчу леринчу операцех лаьцна цо дина къамелаш бахьана долуш ду и дехар, Саралиевс бахарехь. Закаевс кадам бира байъинчийн гергарчаьрга, уьш "къоман турпалхой" бу аьлла, билгалдоккхуш. "Карарчу хенахь Британехь вехаш ву террорхо Закаев Ахьмад, цигахь политикан тховкIело елла цунна, цигара схьа дуьхьало а йоцуш, дуьненаюкъара терроризм къобалъеш, схьавогIуш ву иза. Цуьнца доьзна дехар до хьоьга, лараме Сергей Викторович, Британина протестан нота кхайкхор, дуьненаюкъарчу бакъонца а, Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, террорхочунна Закаев Ахьмадна экстрадици яйта барамаш лелабахьара ахь", - аьллачу депутатан дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло. ТIеман буьйранча лаьттина, Ичкерин вице-премьеран даржехь хиллачу Закаев Ахьмада кест-кеста дIахьедарш до, Нохчийчуьрчу хьаькамашна дуьхьал. Масала, яхначу гурахь Iедалхошна критика йинчунна таIзар деш видео гучуяьллачул тIаьхьа, Закаевн цхьаьнакхетар хилира ОБСЕ-н Парламентан ассамблейн куьйгалхойх йолчу Цедерфельт Маргаретаца. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарца махкахь кхел йоцуш нах хIаллакбарх дийцаредира цо цигахь. Хьалхо политикана Закаев Ахьмадна вен кхерам тесира Кадыров Рамзана. Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политико караерзийна йолу актеран говзалла. "Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедо Кадыровс. Кадыровна улле хиъна ву йоьдучу машена чохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан буьйранча Чалаев Замид – цо куьйгалла а деш дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна де хьалха ялх тIемало, амирца Бютукаев Асланца цхьаьна. Кадыровна, цуьнан къамело гайтарехь, ца тайна Бютукаев а, цуьнан тоба а кхалхарца доьзна Закаев Ахьмада дина къамел. Махкал арахьа вехачу Ичкерин векало кадамбира байъинчийн гергарчаьрга, "къоман турпалхой" бу элира кхелхинарш. Дечкен-беттан 20-чохь Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртанна гергахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна амир Бютукаев а, цуьнца хилла 6 стаг а. Президентан Масхадов Асланан гонехь тIемаш бина а, хенан йохалла Ичкерин дуьхьалонан ницкъийн коьрте хIоьттина а стаг вара Бютукаев. Закаев Ахьмад – вевзаш волу нохчийн политик, карарчу хенахь веха Британехь. Дозанал арахьа Нохчийчоьнан Ичкерин Iедалан хьалханча лору иза нохчийн цхьана декъо.


Шинара, Дечекен-беттан 26-гIа де

Делимхановн дешнех кхетийна Думан депутато

Дахначу шоьтадийнахь Iедалхошкара бакъо йоцуш Москвахь хIоттийначу митингехь летарна полицино лоьхучу жимчу стагна "шайга далун гIо дийр ду" бохург дара. Нохчийчоьнана цIарах Пачхьалкхан Думан депутат волчу Селимханов Мохьмада иштта комментари йитина шен коллегас Делимханов Адама, "Iедалца долчунна гIо дийр ду" Кадыров Рамзана аларх лаьцна.

Делимханов Адам а, Кадыров Рамзан а
Делимханов Адам а, Кадыров Рамзан а

"Цуьнан проблемаш ерзор ю ца аьлла цо. Массо а агIор накъосталла дийр ду аьллера. "Iедалхоша гIо дийр ду" а, "проблема ерзор ю" а бохург тайп-тайпана маьIна долуш ду, дуй? Думан депутаташ тхаьш хиларе терра, тхан декхар ду, бакъо а ю иштачу хьелашкахь нисбеллачу бахархошна гIо дан", - аьлла, дIахьедина "Национальная служба новостей" агенталле депутато. Селимхановс ца дийцина, муха таIзар дан догIу жимчу стагна, нагахь санна, митингошца иза хиллехь. "Цо ша хIун олу хьовсий вай", - аьлла, дерзийна цо шен къамел. Baza телеграм-канало хаамбарца, 20 шо долу Нохчийчуьра Джумаев Сайд-Мухьаммад ву митингехь омонхошна дуьхьало йинарг. Карладоккху, оппозиционер Навальный Алексей набахтера арахецарехьа дахначу шоьтан дийнахь хиллачу акцехь дакъалаьцначу нохчийн кIантана гIо дийр ду ша аьллера Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думан депутат волчу Делимханов Адама, нагахь санна, шен политикан позицина иза юкъарвалахь. "Нагахь санна, ахь церан позици тIеэцахь, цхьаннах а ида а ца уьдуш, царна тIаьхьа дIаваха веза хьо. Тхуна хаьа хьуна а, хьоьца болчарна а хIун дан деза. Нагахь санна, хьо церан хьежамашца вацахь, Рамзан-Хьаьжас, вайн паччахьо аьлла, низамех хьакхалучу агIор шаьш хьуна гIо дийр ду, хьо гучувалахь", - бохура Делимхановс инстаграмехь бинчу видеокхайкхамехь, яздо "Медиазонас". Дупутато юьйцу позици ю, "митингхоша къобалдеш хилар боьршачу стага борша стаг маре вига могуьйту" низамаш. "Хьан деца къамел хилла тхан, нагахь санна, и позици хьо тIеоьцуш вацахь, нагахь санна, хьо нохчо а, бусулба а велахь, ахь яздийр ду тхан директе, йа тхоьца зIене вер ву хьо", - боху Делимхановс. Цо бахарехь, иштта цуьнца Москварчу университетехь доьшучу берашца а, цуьнан бевза-безачаьрца а къамел хилла церан. "Матросская тишина" олучу Москварчу талламан изоляторехь латтош ву Навальный Алексей, Чиллан-беттан 2-чохь хинйолчу кхеле хьоьжуш.

Кхаара, Дечкен-беттан 27-гIа де

Джумаев Сайд-Мухьаммад леци полисхоша

Москварчу университетехь доьшуш хилла, Навальный Алексейгахьа хIоттийначу акцехь ОМОН-ан белхахойх летта Джумаев Сайд-Мухьаммад лаьцна Псковн кIоштахь.

Джумаев дIахеца аьлла, Москвахь пикете яьлла жигархо
Джумаев дIахеца аьлла, Москвахь пикете яьлла жигархо

Талламан комитете хеттарш дан валош ву иза кху сохьта, яздора Mash телеграм-канало. Иза лацар тIечIагIдира Baza телеграм-канало а. Оцу хаамийн ресурсан информацица, цхьаммо дIаттетича, охьакхетта лазийра ша, ткъа самаваьлча айса лелориг хууш вацара ша аьлла Джумаевс шен гергарчаьрга. Беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош, хIоттийначу акцехь Джумаев омонхошца леташ яьккхина видео интерентехь яьржира. Полицино лаца кхайкхийра иза. Хьалхо Нохчийчуьрчу Iедалохоша къамел дира цуьнан деца-ненаца, цуьнга шайна тIевола ала бохуш. Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама "низамашца" гIо дийр ду аьлла, тIелаьцнера, нагахь санна, Навальныйн позици цо йитахь.

Еара, Дечкен-беттан 28-гIа де

КадыровгIеран цIийнах мел волчийн бахам гучубаьккхина

Хьал гойтучу шайн декларацешкахь гучу ца яьхна хилла, "Соколиное гнездо" олучу Москварчу премиум-классан меттигера петарш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIийнах болчу нехан цIартIехь хилар къаьстина.

+
+

Росреестран информацина тIетевжина "Важные новости" ресурсан хилла царех тидам. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хьал гойтучу деклараце язйина йоцу петар ю цуьнан доьзалан Москвахь. Оцу хьокъехь Мангал-беттан 29-чу дийнахь хаам бина "Открытые медиа" портало, Оьрсийчуьра бахам тидаме оьцучу Росреестр хьукматерчу шен хьосташна тIе а тевжаш. Кадыровн йоккхахйолчу йишин Кадырова Зарганан ю 2004-чу шарахь дуьйна оцу комплексера 131,7 квадрат-метр йолу петар. Мехкан куьйгалхочун гIовсан дарже ялийна хиларе терра, иза декхаре яра шен ара-чу ца баккхалун бахам деклараци язбан. Бакъду, Зарганан деклараци йиллинчу сайташкахь кара ца йина журналисташна. Зарганан хIусамда, Нохчийчуьрчу зIенан а, транспортан а министр волу Черхигов Рамзан декхаре вара шен долара а, шен хIусамненан цIартехь болчу а бахамах хаамаш бан. Амма, 2012-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц зорбане яьхначу декларацешкахь Черхиговс ца хьахийна "Соколиное гнездо" олучу элитан меттигера шен зудчун петар. 2011-чу шеран Лахьан-баттера схьа дуьйна оцу меттехь петар ю Черхигова Зарема Рамзановнин а. Кадыровн гIуллакхаш лелочу урхаллан куьйгалхочун гIовс ю аьлла, язйинчу Кадырова Зулайн пентхаус ю "Соколиное гнездо" комплексехь 2005-чу шарера схьа дуьйна 167,7 квадрат-метар. Ара-чу ца баккхалун бахам бухкучу агенталлийн хаамашца, тахана цуьнан петаран мах бу 60 миллион сом. Парламентан спикеран хьалхара гIовс волчу Закриев Салмана, Зулайн хIусамдас, 2018-чу шарахь ша Iораяьккхинчу шен декларацехь язйина шен цIийненан долара пентхаус. Ткъа, "Собеседнико" яздарехь, 2005-чу шарахь дуьйна ю и петар Зулайн долахь. 2011-чу шеран Охан-баттахь Кадырова Зулайс кхин а цхьа хIусам ийцира "Соколиное гнездо" олучу меттигехь 88, 4 квадрат-метар йолуш. Амма, эцна ши бутт баьллачу хенахь шен марвешин кIентан Закриев Мохьмадан цIартIе яьккхира цо иза. Мохьмадан да Закриев Сахьаб - Гуьмса кIоштан префект ву. Закриев Салманан а, Кадырова Зулайн а 30 шо долчу кIентан Якъубан (ИбрахIиман), вице-премьеран а ю цигахь петар. Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочун, Кадыров Рамзанан шичин Ибрагимов Турпал-Iелин а ю Москварчу комплексехь 124,4 квадратан метар хIусам. Шен декларацешкахь цкъа а ца хьахийна цо иза. Лакхахь язбинчу наха ца лерина "Коррупцина дуьхьало латтон" Федералан низам а, кхин а масех нормативан акт а аьлла, кхетийна Оьрсийчуьрчу Transparency International-н антикоррупцин центран "Декларатор" проектан куьйгалхочо Жвирблис Андрейс. Тешам барна, уьш балхара дIабаха тарло аьлла цо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хьал гойтучу деклараце язйина йоцу петар ю цуьнан доьзалан Москвахь.

ПIераска, Дечкен-беттан 29-гIа де

Юха а "хIумахуу" зуда лаьцна Нохчийчохь

Холмачалла лелош хилла цо аьлла, меттигера яхархо Махмуева Шема лаьцна Нохчийчохь полицино. Цхьана хIусаман кетIа цо туьханан кана тосучу хенахь видео а яьккхина, лулахоша Iедале хаамбина хилла цунах лаьцна, дуьйцу "Грозный" телеканало. Репортажехь билгалдккхарехь, Махмуевана хетарехь, "бозбунчалаш" а лелийна, шен котамаш яьхьначу лулахочух ларлуш хиллера иза.

Махмуеваца лулахь ехачу цхьана зудчо чIагIонаш йо, цо кховдийна Iаж биинчул тIаьхьа, могушалла ийгIина шен аьлла. Холмачалла лелочу зудчо пайдаоьцуш хилла тIулгIех а, луьйца йолларх а. "Цуьнан хIусамехь карийначу хIуманашна тIехь Iарбойн а, нохчийн а йозанаш ду Библи юкъарчу дешнашца вовшахъийна", - дуьйцу сюжетехь корреспонденто. Шегарчу корматаллина нах Iамош а хилла Махмуевас, карарчу хенахь хIоьттина пандеми бахьана долуш, дистанцехь хьоьхуш хилла иза, боху журналисто. Меттигерчу исламан медицинан центран коьрта лор, Iеламча Эльжуркаев Адам ву камерана хьалха зудчуьнгара бехкаш дохуш. Стохка Чиллан-баттахь а лецира Шелковск кIоштарчу полисхоша пал тосу зуда а, цунна гIоден «ассистент» а. Меттигерчу «Грозный» телехьожийлехь гайтиаа уьш а. Хьалхарчо – Шапианова ТIауса (иштта йовзуьйту иза сюжетехь) – «дуьйцуш хилла хиндерг, тIеозош хилла диканиг», ткъа шолгIачо – Абубакарова Зулайс – лохуш хилла ТIаусна клиенташ, шена «догIу дакъа» дIа а оьцуш. Лецначаьрца цхьаьнакхеттера исламан медицинан центран коьрта лор Эльжуркаев Адам. Зударша юьхьаръэцначу некъо уш «жоьжахатIе буьгуш бу», элира Iеламчас. ТIехьовсийна камераш а йолуш, зударша дош делла кхин пал ца тийса, ткъа гергарчара чIагIойина царна тIехь «само латто».


Шотт, Дечкен-беттан 30-гIа де

Москвахь "эрна буьйлабелла лелачарна" ша болх лур бу аьлла Кадыровс

Москва дIа а оьхуш, цигахь эрна буьйлабелла лела кегийрхой ша нийсачу новкъа баха цIа берзор бу аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Болх лаха доьлху шаьш аьлла, Москва а бахана, цигахь деш-дуьтуш боцуш лела вайн махкара кегийрхой лоьхуш, уьш даймахка берзош болх кхин дIа а бан беза вай", - яздина Кадыровс шен "ВКонтактерчу" агIонехь. Къаьсттина бан болх боцуш, эрна буьйлабелла лела кегийрхой харцахьачу новкъа бовла мега, царех "зуламхой, йа наркоманаш хила тарло" аьлла, билгалдаьккхина нохчийн куьйгалхочо. "Ишта бераш вай цIа дерзо деза, - дIахьедина Кадыровс. - Цаьрца уьш кхетош къамелаш дан а деза, Нохчийчохь болх карон а деза". Карладоккху, стохка Гезгамашин-баттахь Москвахь низамаш хьоьшуш, харцхьалелаш бара аьлла, цIабалийна Нохчийчоьнан бахархой, юкъарчу белхашка дIахьовсийна аьллераа церан гергарчу "Кавказский узел" агенталлу. Даймахка бигина дукхахболу кегийрхой къаьхкина социалан машанарчу жигараллех аьлла, дийцира Москварчу нохчийн диаспорехь а. Ишта стохка Марсхьокху-баттахь а Москвара цIабалийначу, "наркотикан а, психотропан а препараташ муьйлуш" бара аьлла, лецначу кегийрхошца къамелаш дира пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а. "Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш бохура, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур болуш бу.

КIиранан де, Дечкен-беттан 31-де

Окуева Аминина кIелойина аьлла, шеконашца лецнарш маьршабаьхна

Дудаев ЖовхIаран цIарахчу батальонан декъашхочунна Окуева Аминина кIелоярна бехке хеташ, шеконашца лаьцна кхо стаг маьршаваьккхина Украинерчу кхелахоша. Кавказ.Реалиига бина и хаам Украинан парламентан депутат лаьттинчу Мосийчук Игора, шен ницкъаллийн структурашкарчу хьасташна тIетевжина.

Окуева Амина
Окуева Амина

Талламаш бечу хенахь лаьцна бита а, бехкбилларх сацам бовзийта а елла хан низамашкахь тIехъялла хиларна маьршабаьхна уьш аьлла, билгалдаьккхина цо. Окуевна кIело ян кечамбеш хиллачаьрца ву аьлла, шеконехь хилла Каспийскера Редькин Игорь чохь витина, хIунда аьлча, кхечу зуламна а иза бехкеварна аьлла Мосийчука. Цо бахарехь маьршабаьхначарлахь ву ишта Окуевана йийнарг ву аьлла, шеконаш хилларг а цхьана. "Талламчашна къаьстинера, билггал герз диттинарг мила ву, амма тоъал тоьшаллаш гулдан ницкъ ца кхаьчнера церна", - аьлла экс-депутато. Мосийчук парламентехь волчу заманчохь цуьнан гIоьнча хилла ю Окуева Амина. Евромайданан декъашхо яра Окуева Амина. Дебальцево маьрша йоккхуш дакъалаьцна ю иза. Иштта, Луганскан кIоштахь тIеман декхарш кхочушдина а ю. 2017-чу шеран ГIадужу-беттан 30-чохь Киевна гергарчу Глевахехь цабевзачу наха герзаш диттира шен цIийндеца Осмаев Адамца цхьаьна иза чохь йолчу машенна. Коьртах кхеттачу герзо йийра Окуева. Цу заманчохь Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран (МВД) хьехамча лаьттинчу, "Народный фронт" фракцин халкъан депутато, карарчу хенахь МВД-н куьйгалхочун гIовс волчу Геращенко Антонна хетарехь, иза еран коьрта верси ю Украинерчу хьолана оьрсийн къайлаха сервисаш дестабилизаци ян а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гоно Осмаевна бекхам бан а. Стохка Дечкен-баттахь Къоман полицин куьйгалхочо Клименко Игора а, Киеван кIоштан полицин хьаькамо Небытов Андрейс а дийцира, Окуева Амина ерна шеконаш йолуш лаьцна, хьалха дуьйна Украинан вахархо волу, Дагестанера схьаваьлла стаг аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG