ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н латархочо Чимаевс пост хIоттийнера Джумаевна тIехIуттуш, юха а дIаяьккхина


Чимаев Хьамзат а, Кадыров Рамзан а
Чимаев Хьамзат а, Кадыров Рамзан а

UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата пост хIоттийна хилла, Москвахь Навальный Алексей маьршаваккхар доьхуш хIоттийначу митингехь ОМОНах леттачу Джумаев Сайд-Муххьаммадна тIехIуттуш. ТIаьхьо инстаграмера дIаяьккхина цо шен пост.

Джумаевн сурт а хIоттош, хэштэг йиллинера спортхочо "маршо" аьлла. Цхьа хан яьллачу заманчохь цуьнан аккаунтера къайлаелира пост. Цуьнан терго йина IADAT телеграм-канало.

Кху беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьало йира Джумаев Сайд-Мухьаммада. Видео интернетехула яьржинчул тIаьхьа полицино лехамашка веллера иза.

Еарин дийнахь лецира Джумаев Псковн кIоштахь. Оьрсийчоьнан дозанехула дехьа а ваьлла, Прибалтикехь къайлавала Iалашо хилла цуьнан. Джумаевс лелош хиллачу мобилан телефонца аьтто баьлла, иза волу меттиг билгалъяккха.

"Бакъволу къонах", "киборг" бохуш, дуккха а комментареш йитира Сайд-Мухьаммадах баккхийбечу наха видеона бухахь.

Iедалшкара пурба а доцуш, хIоттийначу акцехь полисхошна тIе куьйгаш даьхьна аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллина Джумаевна дуьхьал.

Фейсбукан агIонехь петици яржийна нохчаша, Джумаев бехке вац, иза маьршаваккхар тIедожош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG