ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанийн чулацамах лаьцна керла низам болх бан доладелла Оьрсийчохь


Тахана, Чиллан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь болх бан доладелла социалан машанех лаьцна керла федералан низам. Церан долахойн дезар ду лаха а, блокаш хIитто а махкахь магийна йоцучу контентана, хаам бо Радио Свобода портало, "Коммерсантъ" газетана тIе а тевжаш.

ХIинца дуьйна дIа машанийн аренехь мегаш дац оьзда доцу къамелаш гучудовлийта а, магийна йоцучу митингашка ара довларе кхайкхамаш бан а, билгалдоккху газето. Хьалхо болх бан доладелира, Оьрсийчоьнан Iедало дукхачу хьолахь "Роскомнадзорана" хетачуьнца йогIуш йоцуш лору "экстремизман" материалаш араяхар доьхкуш долу низам.

Iедалша магийна йоцу тексташ дIаяха реза ца хиллачу сайтан долахочуьнан гIуда такха дезар ду 100 эзар сом барамехь (вахархочо), я - 3-8 миллион сом, нагахь машанан я видеохостинган долахо юридикан статус йолуш велахь. Газето бинчу хаамца, иза шозлагIа а дахь долахочунна гIуда тухур ду цунна, шарахь доккхучу рицкъан 20 процент барамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG