ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пятигорскехь лаьцна Кавказ.Реалиин корреспондент. Редакцин декхар кхочушдеш, гуламехь видео йоккхуш вара иза


Оппозиционеран-политикан Навальный Алексейн агIолоцуш Пятигорскерчу хIоттийначу протестан акцехь редакцино шена тIедиллина декхар кхочушдеш, видео йоккхуш Iаьчу хенахь Ленинан мйданахь лаьцна Кавказ.Реалиин корреспондент.

Цуьнгахь редакцера белхан кехат а, декхар хьалхахIоттош яздина кехат а доллушехь, протокол хIоттийна, "алссам нах гулбарца юкъара низамалла дохор" олучу бехканна административан гIуда а тухуш.

Рубинан урамерчу Пятигорскерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин гIаларчу декъехь ву Кавказ.Реалиин корреспондент. Цуьнца цхьаьна лаьцна гуламан дийнахь 48 стаг.

Лецначаралахь бара "Iазапна духьалояран комитетан" юристаш Аламов Мохьмад а, Гусев Констатнтин а. Уьш лецна адамийн бакъонаш талхор зуьйш Iачу муьрехь.

XS
SM
MD
LG