ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бераш дац, амма кегийрхой бу: Краснодарехь протестхойн юккъерчу хьесапан сурт гайтина социологаша


Дечкен-беттан 31 Краснодарехь протесте бевллачу нехан юкъара сурт гойту социолаша – хаттамо билгалдоккху гуламан ах декъашхой 25-25 шераш долуш хилар, кхиазхо ву 100 протестахошлахь 5. Иштта ду Iедало магийна боцчу, ппозицин политикехьа Навальйный Алексейгахьа хIоьттинчу гуламехь жигархочо Калашников Ивана билгалдаьккхина статистикан юкъара сурт.

"КIира хьалха бинера изза таллам Москварчу протестан гуламашкахь, кхетта со и сурт ерриг а Оьрсийчоьнна юкъара хиларх. Социум толлуш сайгара белхан дакъа а лиира-кх юкъадилла", - дийцира Кавказ.Реалиина жигархочо.

Калашниковс дийцарехь, цо Краснодарерчу акцехь Дечкен-беттан 31-чохь хаттар дина 101 стаге, нах цхьана меттехь ца зуьйш, дехьа-сехьа а волуш.

Хааделла цунна 101 стагах 64 кIира хаьлха а акцехь дакъалоцуш хиллийла, ткъа 36 – ца хиллийла дIадахначу кIирандийнан гуламехь. Хеттаршна жоьпаш деллачех дукхахберш (64 стаг) 31-чохь дуьххьара нисбелла бу протестан бараме. 101 гуламхочух 87 хилла бетах маска йоллуш. Хеттаршна жоьпаш едллачу нахалахь нисвелла 4 пенсионер а, 5 кхиазхо а.

"ГIеххьачул тамаше дара протестхойх кхоалгIа дакъа Дечкен-беттан 23-чохь акцехь дакъалаьцна доццушехь дар кху гуламе. Суна хетарехь, кIира хьалха хиллачу акцино гIовттийна бара и нах, амма хьалхарчу акцехь дакъалаьцна уьш бацар дозу церан хIетахь цIахь гIуллакхаш хилла хиларца, аьлла хета суна. Кхин а цхьа тамашениг ду Краснодар оцу шен суьртаца Москваца йогIуш хилар ду" – элира Калашниковс.

Башхалла ю Калашниковс а, Краснодар-мехкарчу Iедалан телегойтийлаша а бохучунна юкъахь, Iедалан прессо чIагIдарехь, протестхошца цхьаьна арадевлла лелла вуно дукха бераш а, кхиазхой а.

  • Кавказ.Реалиино хаийтина ма-хиллара, 2000 гергга стаг хилла протестехь дакъалоцуш. Барам боьрзучу муьрехь могIарчу нехан духарахь болчу наха леца болийна, полицин машенашна чугулбина протестхой, Навальныйн штабо бахарехь, 40 сов стаг ву лаьцнарг. Лецна нах мехкан кхечу гIаланашкарчу акцешкара а.

XS
SM
MD
LG