ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь кхо вахархо лаьцна тIемалошна гIодарх йолчу шеконца


Гайтаман сурт

ГIуран-беттан 31-чохь кхо вахархо лаьцна ГIалгIайчохь тIемалошца зIенехь хиларх йолчу шеконца. Ницкъхойн версица, Хашиев Адам а, Джандигов Ислам а, Джандигов Къурайш а хила тарло Росгрвардин белхахо Алиев Увайс вуьйш дакъалаьцна.

Талламна хетарехь, 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь ГIалашканна гергахь байъинчу тIемалошна гIодеш хилла цара, яздо REGNUM агенталло. Оцу кхааммо шайн машенашца дIасалелийна тIемалой, гIо латтийна царна юучуьнца а, ахчанца, аьлла хета Iедалхошна.

Вуьйцу кхоъ лаьцна, талламаш дIахьош вигина БуьритIе.

  • Хьалхо хаам баьржира, лерина операци дIахьош Марсхьокху-беттан 23-чохь ГIалгIайчоьнан Соьлжан кIоштахь вийна экстремистийн ДАIИШ тобанера кхо тIемало, аьлла.
  • ГIалгIайчохь аьхка вийра Росгвардин белхахо Алиев Увайс. Хьуьнан йийстехь герзаш диттира цуьнан машенах, иза велира циггахь, дийна йисира цуьнца нисъелла пассажир.

XS
SM
MD
LG