ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо бакъ ца до, ша даржах мукъавоккху бохург


Темрезов Рашид, Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо
Темрезов Рашид, Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо

Массех телеграм-канало ша кеста дарж дуьту аьлла баржийначу хаамна жоп луш, иза "эладита" бен кхин хIума дац, аьлла Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида. И хаам цо бина Чиллан-беттан 1-чохь Черкесскехь хIоттийначу пресс-конференцехь.

Жоп доцуш дитина цо шега ша кхозлагIа а даржехь виса дагахь вуй аьлла дина хаттар.

"Даржан хан чекхйолу Марсхьокху-баттахь. Нагахь санна президента а, бахархоша а кандидатура къобалъяхь, болх бийр бу кхидIа а, дукха бу регионехь бан беза болх", - аьлла политика.

Термезов, Нохчийчоьнан куьйгалхо а санна, уггаре дукха даржехь Iачу регионийн I0 куьйгалхошлахь ву. 2011-чу шарахь веана иза Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалле.

"Термезовс политикехь кхидIа а хан хьор хилар дийца даккха хьалхе ду цкъачунна. Кремльна цкъачунна гучух тера дац цунна альтернатива – иза гайтина президента Путина ша мехкан кхиамаш билгалбахарца а, иза ша цхьаъ Къилбаседа Кавказерчу куьйгалхойх керлачу Пачхьалкхъан Кхеташоннна юкъаозорца а. Амма кхин а масех бутт бу цуьнан даржехь Iан, ткъа ситуаци ю дуьнентIехь а, пачхьалкхехь а ца хеддаш хийцалуш", - элира Кавказ.Реалиина ша еллачу интервьюхь пресс-конференцин декъашхочо, "Эльбрус.Пресс" цIе йолчу газетин редактора Ветрова Анастасияс.

Кхарачой-Чергазийчоьнан конституцино доьхку цхьан стаганна мехкан куьйгалхочун даржехь ца хеддаш хина хенал сов Iан. Амма Оьрсийчоьнан президентанна пачхьалкхан конституци юкъаязйина йоллу керла бакъо язйина махкарчу Халкъан Кхеташонан депутаташа шайн мехкан конституци юкъа. Термезовс даржехь даьккхина хьалхара 4 шо лоруш дац, цундела иза дарже 2016-чу шарахь веъча санна лорур ду.

XS
SM
MD
LG