ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн "Ахмат" клубера ведда Африкера футболхо


Нохчийчуьрчу "Ахмат" клубера ведда футболхо-тIелатархо Мбенг Аблай. И хаам бакъбина клубан коьртачу тренера Талалаев Андрейс.

"Мбенг, хаттар-алар а доцуш, кемана а хиина, дIавахана Африке. Суна цул тIаьхьа иза гина вац. Спортан директора бахарехь, кхин вац иза клубехь. Контракт дохийна бохург – иза соьга дац", – дIахьедина Талалаевс MetaRatings интернет-газете.

"Ахматан" спортан директора Газзаев Руслана бинчу хаамца, клубо ФИФА цхьанакхетаралле арз хьажийна форвард Мбенг клубера вадаран хьокъехь.

"Ахмат" клубе Мбенг Аблай кхечира 2015-чу шарахь, дакъалаьцна цо премьер-лигехь Соьлжа-ГIаларчу футболхойн тобано дIаяьхьначу 100 сов матчехь, кевнашна чутоьхна буьрка 22-зза. ТIаьххьара левзина иза клуб стохка аьхка, "Спартакна" дуьхьал.

  • Хьалхо хаам баьржира, YouТube хостинго дIакъевлина "Ахмат" клубан футболан а, латархойн Absolute Championship Akhmat цхьаьнакхетараллин а каналаш, аьлла.
  • ГIура-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхнаячу Штаташа футболан клуб "Ахмат" а, латархойн клуб "Ахмат" а санкцеш а хIиттош, язйира "Магнитскийн тептара". Бахьана дара уьш адамийн бакъонаш талхорна санкцеш кIел кхачийначу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, цуьнан гонца а зIе йолуш хилар.
XS
SM
MD
LG