ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйн дов луьстучу юкъанна къовлур ду Москвара урамаш


Москва гIалин кхелана уллехь
Москва гIалин кхелана уллехь

Тахана, Чиллан-беттан 2-чохь, Алексей Навальныйна дуьхьал айдина дов луьстучу ханна къовлур ду Москва гIалин кхеланна тIедоьлху урамаш. Оцу хьокъехь хаам бу тоьхна шахьарачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин сайта тIехь.

Боьхкур бу некъаш Бухвостовн 1, 2, 3 урамашкахь, «Богородов вал» урамехь а, цунна гонахарчу урамийн дакъош а.

Кхело болх болош Iуьйранна 10 сахьт даьлча. Политикан штабо дехна шен агIончашка кхела хьалха бахкар. Ткъа полицин сайто бахарехь, урамаш къовлуш дара 9 сахьт даьлча.

Кхело къастор ду, 2014 шарахь "Ив Роше" хьокъехь Навальныйна арахь такха тоьхна хан набахти чохь яккхийтар доьхуш, ТаIзар кхочушдечу Федералан урхалло дина дIахьедар.

Оьрсийчохь "Новичок" дIовш даларца тиларчуьра ваьлла Навальный Алексей вигира дарба дан Германе. ТаIзар кхочушдечу Федералан урхалло оцу юкъанна лаца кхайкхийра иза, ша веха меттиг цо дIатасар бахьане а диллина. Ткъа оппозиционерна арахь яккха тоьхна хан чекхъяла I де дуьсуш дIакхайкхийра Урхалло Навальныйс низам дохийна хилар. Германера цIакхоччушехь лецира иза аэропортехь.

XS
SM
MD
LG