ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пятигорскан экс-мэран дов кхеле кхачийна


Ставропол-махкарчу Пятигорск гIалин кхеле хьажийна цигахь мэр лаьттинчу Травнев Леванна дуьхьал айдина беъхктакхаман дов.

Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин Къилбаседа Кавказан а, Къилба Кавказан а федералан гонех урхалла дечу декъо яржийначу информацино бахарехь, хьаькамаллехь Iийначо жил-Iаламна зен дина 623 эзар соьме кхочуш, хаамбо Кавказ.Реалиино, РБК-н информцина тIе а тевжаш.

Травневна низамо кхачош долу таIзар дарал сов, прокуратуро кхеле доьху гIалина цо дина аьлла къастийна зен меттахIоттош 6 миллион гергга сом цунна тIехьарчор.

2020-чу шарахь дуьйна лаьцна латтош ву Травнев. Кхо бехктакхаман дов ду гIаттийна цунна дуьхьал – уьш массо а ду цо курортан зонехь лаьттах доладеш низамаш талхийна хиларца доьзна.

  • Травнев итт шарахь Iийна Пятигорскан мэран даржехь. Могашаллица а дузуш, битина цо шегара болх 2017-чу шарахь.
XS
SM
MD
LG