ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москван гIалин кхелехь листа долийна Навальныйн гIуллакх (видео)


Навальный Алексей
Навальный Алексей

Москван Симоновский кхел ю Мосгорсуьдехь луьстуш "Ив Роше" олучу гIуллакхехула Навальный Алексейна арахь яккха хан тохар, иза набахте хьажош Федералан таIзарш кхочушдечу урхалло динчу дехарца. Оппозционерна оцу гIуллакхехула таIзар динера 2014-чу шарахь.

"Матросская тишина" талламан изоляторехь латтош волу Навальный гонах ха а хIоттийна, дIакхачийра Москварчу кхеле. Цунна тIебитина адвокаташ. Кхеле йитина Навальныйн хIусамнана Юлия а.

Кхелан кхетошонах лаьцна дийца баьхкинчу журналисташна юкъахь бу кхечу пачхьалкхара корреспонденташ а. Иштта суьде баьхкина дипломатин корпусан векалш а.

"Настоящее время" телепроект ю суьдехь хуьлучух дуьйцуш онлайн рожехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG