ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши кавказхо ву вуьсуш Мисарарчу набахтехь хIинца а


Мисарара Оьрсийчоьнан векалт лерина ю цигарчу Iедале ГIебарта-Балкхаройчонан а, ГIалгIайчоьнан а бахархой Шелов а, Дзейтов а сихонца набахтера дIахецар деха.

2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна ву Дзейтов набахтехь, ткъа Шелов лецира лурчах бIаьста, билгалдаьккхина КъахIирерчу векала Борисенко Георгийс, хаам бо Кавказ.Реалиино, ТАСС агенталлин хаамна тIе а тевжаш.

Дипломата бахарехь, иза къастош ву кегийнах муха, стенна лецна, царна бехке хIун до.

  • Лецнарш 7 стаг вара юьхьанца. Ал-Азхар университетан студенташ Плиев Рамзан, Дзейтов Iела, Аушев Илес, Чемурзиев ИсмаьIал, уьш болчу СаIуда Iаьрбийчуьра хьошалгIа вахана Дугиев Хизар а КъахIирехь байра 14 августа 2018-чу шеран Масрсхьокху-баттахь. Пхи бутт баьлча царех 4 набахтехь хилар гучуделира. Ткъа карош воцу Дугиев шен карах вайна вац, чIагIдо Мисаро.
XS
SM
MD
LG