ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Starship кеманан прототип юха а иккхина охьахууш


Starship кеманан прототип зуьйш тIемадаьллачул тIаьхьа юха а иккхина охьахууш
Starship кеманан прототип зуьйш тIемадаьллачул тIаьхьа юха а иккхина охьахууш

SpaceX компанин Starship космосан кеманан прототип юха а иккхина Техас штатерчу Бока-Чика полигонехь зуьчу хенахь. Кема стигала даьлла 10 километр гергга, мотораш дIа а йойъуш, аэродинамикан гIоьнца саца а соцуш, юха мотораш хьала а латош, нисса ирх а дирзина, космодромехь охьахаар Iалашонца. Стохка ГIура-баттахь а зуьйш долуш цу тайппа кема иккхира охьахууш. Цунах лаьцна хаам бина Рейтер агенталло.

"Гуш ма хиллара, тхан юха а аьтто цабели кема кхиаме 10 килеметр лакха хьаладаккха. Кема хIавъехь Iийра 6 минотехь 26 секундехь. Оха гайтира мотораш охьахуучу рожан кечйинчу бакашна тIе дехьаяккха аьтто хилар а, ткъа иштта зийра кеманан цхьацца дакъош. Охьахаочу системина тIаьхь болх бан дезар ду тхна", - элира SpaceX компанин векало.

Starship кеманан Iалашо ю адамаш Баттана а, Марсана а тIе дигар. Кхоччуш кема дина даьлча цунна чу хаалур ву 100 гергга стаг. SpaceX кхоьллина волу Маск Илон сатесна ву оцу кеманца адамаш Марс планетина тIе охьаховшалур ду аьлла 2026-чу шарахь.

Starship дуьххьара хьаладелира хIаваъе Мексикан аймина тIехула, 12,5 километр лакхалле а кхочуш 2020 шарахь ГIура-беттан I0-хь. Цо некъ бира 6,5 минотехь. Юха, анайистаца дIанисделла, лаха а даьлла, нисса ирх а дирзина, охьахууш лаьттах хьакхалуш иккхира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG