ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненна бевзачу политикаша бехкбиллина Навальный набахте хьажорна


Навальный Алексей набахте хьажорна шайн резадацар дIакхайкхийна дуккха а бевзаш болчу Малхбузерчу политикаша.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Блинкен Энтонис шайн пачхьалкх гIайгIане йожийна Навальныйна кхело кхайкхийначу сацамо, аьлла. "Кхиволчу Оьрсийчоьнан вахархочунна конституцино луш йоллу бакъонаш хила еза Навальный Алексейн а, ткъа Оьрсийчоь декхаре ю дуьненаюкъара низамаш лардан – низаманний, нехан дешан моршонеххий, церан маьрша гуламашка бийлий йолчу бакъонийн пусар дан деза", - боху Американ арахьарчу гIуллакхийн хьукматан куьйгалхочо.

Британин арахьарчу гIуллакхийн министра Рааб Доминика, "маьттазчу кхелан" сацам бу Навальныйна дина таIзар, аьлла. Цо бахарехь, сацам Iедална цавезачунна дуьхьал даьккхина таIзар ду, зуламна дуьхьал деш а дац иза, Оьрсийчоьно ша тIеэцна дуьненаюкъара низамаш лардеш йоцийла гойту.

Германин канцлера Меркель Ангелас Навальный сихонца дIахецаре, маьршачу гуламашка буьйлу нах цахьийзабаре кхайкхина Оьрсийчоьнан Iедал. Навальный Алексейна йина кхел низам Iалашдархьама йина яц, пачхьалкх нийсонна гена хилар гойту цо, аьлла Меркела.

Сихонца Навальный Алексей мукъаваккха декхарейо Оьрсийчоь Францин президента Макрон Эммануэла. Политикехь реза цахилар лорийла дац зулам, билгалдаьккхина цо.

КхидIа Европан Бертаний, Оьрсийчоьнний юкъахь лела мотт санкцийн мотт бен хуьлий дац, "нагахь санна Европан Барт сиха ца лахь, Литвано шен санкцеш йохур ю юкъа", аьлла Литван арахьарчу гIуллакхийн министра Ландсбергис Габриэлюса.

Чехино а декхарейо Оьрсийчоь гайтам хIоттош чувоьллина Навальный сихонца мукъаваккха. "Оха халахетарца дагалоьцу тхайн пачхьалкхехь а лелла хилар иштаниг ", аьлла, Европан Барт санкцех дерг дийца йолаяларе а кхойкхуш Чехин арахьарчу гIуллакхийн министра Петричек Томаша.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан комиссара Миятович Дуняс дIахьедина, "Навальный Алексей кхаа шарна эха шарна набахте хьажо бинчу кхелан сацамо гойту Оьрсийчоь нийсонна герга а йоцийла, ша адамийн бакъонийн хьокъехь къобалдина дуьненаюкъара низамаш дохор сацор доцуш юйла", аьлла.

XS
SM
MD
LG