ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къибаседа Кавказехь коронавирусах велла кхин а 39 стаг, цомгуш хилла 873


ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус кхетта хиларца билгалбевллачу бахархойх велла 39 пациент, ун кхетта кхин а 873 стаганнна.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгар гучуяьллачу нахах кхелхина 18 стаг, Ставропол-махкахь – 7, Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а – виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь – 3, ГIалмакхойчохь – 2, Адыгейхь – 1. Пандеми йолаечхьана Къилбаседа Кавказехь уьнах велла лору 7038 вахархо.

Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а коронавирусах цомгуш хиллачийн терахьаш:

  • Ставропол-мохк + 229 (43 165)
  • Краснодар-мохк + 185 (34 229)
  • Дагестан + 80 (28 203)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 86 (190 34)
  • ГIалмакхойчоь + 69 (17 636)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 66 (17 768)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 59 (14 630)
  • Адыгей + 38 (13 160)
  • ГIалгIайчоь + 36 (14 067)
  • Нохчийчоь + 25 (10 862)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хьакхаелла, официало бахарехь, 212 754 вахархочух. Ерриг а Оьрсийчоьнан и терахь ду 3 901 204*.

*Оьрсийчоьно шен статистикехь гойту аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

XS
SM
MD
LG