ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь болх бан республиканна юьстахара нах лоьху Оьрсийчоьнан ФСБ-но


Оьрсийчоьнан ФСБ-н дозалардаран урхалло Нохчийчохь болх бан оьцу оцу махкара боцу нах. Областера кегийрхой цига балха кхойкхуш, меттигерчу ФСБ-н урхаллина тIе а тевжаш, хаам баржийна "Новости Волгограда" газето.

"30 шо кхачанза хила беза балха хIуьттурш. Эскарехь гIуллакх динарш а, лаккхара дешаран диплом дерш а оьцу балха", - билгалдоккху газето. Могашалла дика йолуш а, набахти текхна боцуш а хила беза балха оьцурш, аьлла бу хаам.

Контрактца сержантийн а, прапорщикийн а даржашка кхойкху волгоградхой. Уьш оьшу, газето дийцарехь, Нохчийчоьнан лаьмнашкахь Оьрсийчоьнан доза лардан.

  • Хьалхо хаам баьржира, Оьрсийчоьнан ФСБ-но 2020 шарахь 1 миллиард 101 миллион сом хьажийна машенаш эца аьлла. И терахь дара "МБХ медиа" портало Iедалан цIарх йохк-эцарш дечу порталера схьаэцна.
XS
SM
MD
LG