ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс маьттазвоху Москварчу митингехь летта нохчо


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ирча мотт лебина Дечкен-беттан 23-чу дийнахь Москвахь Навальныйгахьа хIоьттинчу гуламехь полисхошна латарца дуьхло йинчу МГУ-н студентах Джумаев Сайд-Мухьаммадах лаьцна къамелдеш.

Хьаькамо аьлла цунах "газа", "кIилло чIагIалкх", цIе зуда юьйцуш санна а йохуш. Ишта къамелдеш гайтина Кадыров "Грозный" телеканало шен рогIерчу хаамийн программехь Джумаевх лаьцна дуьйцуш.

Джумаев маьттаза вийцина Кадыровс коронавирусна дуьхьалоечу штабан кхеташонехь Чиллан-беттан 3-чохь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, хаамийн гIирсаша хоуьйту гуламехь эзарнаш нах лецна хилар, амма къам а хьахош, вуьйцург цхьа Джумаев бен вац.

  • Москварчу пачхьалкхан университетан студент Джумаев полисхошна дуьхьаллеташ гойту видео яьржина интернетехула. Полицино лаца кхайкхийра иза, пхи де даьлча карийра Псков гIалина гергахь. Бехктакхаман гIуллакх айдина цунна дуьхьал. Лаьцна иза шина баттанна, бехк тIеэцна шена студента.
  • Оцу юкъанна дукха бу социалан машанашкахь Джумаевгахьа кхайкхамаш бен нах. Иза мукъаваккхар Iедална тIедожош, пикете яьлла жигархо Псунтсок Дина лецира деношкахь Дечкен-беттан 29-чохь.
XS
SM
MD
LG