ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин гIоьнца наханна гIелояр дита, боху критикийн ассоциацеша


Оьрсийчоьнан йозушйоцчу музыкантийн а, театран критикийн а ассоциацино декхаредо Iедал полицин гIоьнца протестан гуламашка буьйлучу наханна тIехь ен гIело сацо. Оцу хьокъехь яздина дIавхьедар даржийна цара шайн сайташкахула.

Кехатан авторша тIедожадо Iедална "маршачу гуламашна дуьхьалдаьхна лела низамаш, карахь герз а доцуш, шайн позици дIакхайкхо гуламашка арабуьйлучу наханна еттар, уьш лецарш".

Ассоциацеша кхойкху журналисташка а, театралашка а, музыканташка а шайн дIахьедарна тIетар.

XS
SM
MD
LG