Соьлжа-ГIаларчу Исламан медицинан центран коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама емалйина "Грозный" телеканалехула "хIума хууш йолу" Аушева Лида.
Репортажехь дийцарехь, махкара яц Аушева. Шена бевзачу нахе еанчуьра цо тIеоьцуш хилла нах, царна "балхахь лакхабовла, бIаьрг хилийта, тIера баккха, доьзалера цхьацца халонаш эшо".
ТIехьийсийна видеокамераш а йолуш, Эльжуркаевс кхетийна "шайтIанан пал лелориг" ша харц хилар, пал тасар" Исламо доьхкуш хиларх.