ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь 6 кхиазхо бехкево террорхойн тоба кхолларна


Терроран тоба Iораяьккхина махкарчу ницкъхоша, кегийрхойх лаьтта иза, чIагIдо Талламан комитетан Дагестанерчу урхалло.

Цуьнан версица, экстремизм а, Оьрсийчохь йихкина йолу ДАIИШ а къобалъечу ялх кхиазхо ву терроран тоба кхоьллинарг.

Лурчаха аьхка ХIинжа-ГIалахь вовшахкхетта и тоба, хаьржина цо шена амир, талламчаша дийцарехь. Динчу зуламна набахтехь такха 20 шаре кхаччалц хенаш йогIу, юристашна гарехь.

  • Хьалхо Дагестанерчу БотIлих кIоштан кхело 8,6 шарна набахти кхайкхийра меттигерчу вахархочунна.
XS
SM
MD
LG