ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйца доьзна Конгрессе санкцеш кхайкхор дехна сенаторша


Цхьаьнатоьхначу Штатийн Демократин а, Республикан а партешкарчу сенаторийн тобано Конгрессе хьажийна "Оьрсийчоь леррина зуламаш лелорна жоьпалле озорах" цIе йолу низаман проект. Оцу проекто хьоьху Оьрсийчуьрчу Iедалан векалш Навальный Алексейна дIовш даларна а, и олу дIаьвше коьчал ("Новичок") кхолларна а санкцешна бухабигар.

Документо бахарехь, иза низаме дерзийна 90 де даьлча Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент декхаре ву Навальныйна дIовш луш дакъалаьцначу а, и хилам къайлахьош хьийзинчу а наханна санкцеш тоха. Бохург ду бехкечийн активаш къовлар а, санкцешна буханисбинчу нахца а, хьукматашца а америкахошна юкъарло лелор дехкар. Шайнна санкцеш тоха тарло "Новичок" кхоьллинчарна а, Навальныйна дуьхьал лелийначарна а.

Низам арадаьлла 180 де даьлча президента Конгрессана бовзийта беза ши хилам – цIерашца гайта деза 2015-чу шарахь Москвахь оппозиционер Немцов Борис хьан вийна а, Путинан а, цуьнан гергарчийн а бахамех йолу информаци а.

Документо хьоьху Пачхьалкхан департаментанна, юьллуш йолу газан биргIа "Северный поток-2" ("Къилбаседа аса-2") юьллуш бен болх Германига сацор деха а, Оьрсийчоьнан Iедал лаьцна кхобуш волу Навальный Алексей дIахеца декхаредар а.

Документан авторшлахь бу бевзаш болу сенатораш, шайлахь демократ Кунс Крис а, республиканхой Ромни Митт а, Рубио Марко а волуш.

XS
SM
MD
LG