ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗIенан оператораш декхаре хир бу ницкъхошна шайн абонентийн геопозици йовзийта


Оьрсийчоьнан зIенан а, халкъан коммуникацийн а министралло кечйина мобилан телефон йолу меттиг Iорайоккхучу низаман проект. Цунна хетарехь, байна нах сихха схьакаро аьтто бийр бу нехан "телефонан къайле" ястаро.

Нехан геопозици хаа кхелера сацам оьшур бац ницкъхошна и низам юкъадаьлча. Ткъа хIинццалц Оьрсийчоьнан бахархойн бакъо яра шайн телефон чуьра, иза йолу меттиг хоуьйту информаци къайленехь кхаба, операторашна тIехь дара и къайле ларъяр.

  • 2020-чу шеран гурахь Пачхьалкхан Думо къобалйинчу низаман проекто декхаребо оператораш байна нах лохучу ницкъхошна абонентийн геопозици йовзийта, кхелехула иза деха а ца дезаш. Депутаташа бахарехь, Оьрсийчохь шарахь вов 120 эзар стаг, царах 45 эзар бер а долуш. Ткъа байначу нахах 90 процентехь хуьлу лаххара а кхаа дийнахь летта лаьтта телефон. Амма цкъачунна тIеэцанза ду и низам.
XS
SM
MD
LG