ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада": шера чохь 25% лахбелла кегийрхойн Путине хилла ларам


18-24 шо долчу кегийрхойх эханно бен къобал ца бо президентан Путин Владимиран болх, боху2021-чу шеран Дечкен-баттахь кегийрхошна хетарг теллинчу "Левада-центро". Шера чохь церан Путине болу ларам лахбелла 25%. Ткъа ГIирмина аннекси йинчу шеран (2014) дуьстича, ах гергга кегийрхойн догдаьлла президентах.

Кегийрхошлахь йоьжна а ца Iа Путинан рейтинг: 25-39 шераш долчу нахалахь Путин къобал цавийраш бу 34%, 40-45 шерашка кхаьчначаралахь – 25%. 55+ хеналарчех президентехьа бу 74% нах.

Оьрсийчоьнан берриг а бахархошна хетарг тергоне эцча, кху муьрехь Путинан болх къобалбо, "Левада-центро" бахарехь, 64% наха. Къобал ца бийраш бу 34% бахархой.

XS
SM
MD
LG