ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президента Байдена Навальный сихонца маьршаваккхар хьоьху


Лаьцна кхобу Оьрсийчуьра оппозиционер Навальный Алексей сихонца дIахеца веза, аьлла Пачхьалкхан департаментан белхахошца къамелдеш Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Байден Джос.

Кху деношкахь шен Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца хилла къамел довзйитина Байдена. Ша Путинна дIахаийтина Цхьаьнатоьхна Штаташ Оьрсийчоьнан шогаллах озалуш хилла хан дIаяьллийла, аьлла цо. Оьрсийчоьнера юьйлу харцонаш хьахош Байдена дагадаийтина и пачхьалкх Штатийн харжамашна юкъагIиртина а, кибернетикан тIелетарш айдина лелла а хилар.

Байдена хаийтина гулбеллачарна Москва Американ демократина хIинца а юйла зен дан кийча. "Вай Оьрсийчоьнна ен дуьхьало эвсаре хир ю, нагахь санна вай и болх вешан партнерех дага а довлуш бахь", – аьлла президента. ДIахьедина, Вашингтон дагахь ю дуьненца и юкъарлонаш чIагIдан.

  • Навальныйца боьзна хиламаш еарин дийнахь, Чиллан-беттан 4-чохь, коьртачу декъехь хиллийла вовшашца телефонехула къамел динчу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран Лавров Сергей а, Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочун Блинкен Энтонин а. Оцу юкъанна Москвано дIахаийтина ша Вашингтонца юкъаметтигаш тоян лууш хиларх лаьцна.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенаторша, демократаша а, республикахоша а, Конгрессе дIакхачийна Оьрсийчоь зуламаш дарна жоьпе озорах долчу низаман проект. Навальныйна дIовш деллачарна а, и дIовш кхоьллинчарна а дуьхьал санкцеш яхарх лаьцна ю и проект.
  • Оьрсийчоьно бакъ ца до ша Навальныйна дIовш даларна бехке хилар.

XS
SM
MD
LG