ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу гIелонах ведда лела ши жима стаг лаьцна юхавигина махка


Нижний Новгородехь полицино лаьцна "Российская ЛГБТ-сеть" олучу цхьаьнакхетаралло Нохчийчуьра вада яхначу аьхка аьтто бина хилла ши жима стаг – Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIал а. Гуьмсе дабигна уьш ницкхоша.

"Российская ЛГБТ-сеть" олучу тобанан сихха гIо кхачош йолчу программин координаторе Истеев Давиде дийнахь 3 сахьт даьлча, орца доккхуш, телефон тоьхна а хилла шина нохчочух цхьамма. Оцу хенахь, царна тIечехаш, бетта маьхьарий а хезна телефон чохь Истеевна. Амма Магамадов а, Исаев а вехачу метте сихха дIакхаьчнашехь, уьш бухахь ца карийна адвокатана Немов Александрна, амма гина чохь тIекIелкхийсина хIуманаш.

Бакъоларъярхоша билгалдоккху масех сахьтехь Нижний Новгородехь цхьана а полисхочунна Магамадов а, Исаев а лаьцна хиларх хууш хилла цахилар. Адвоката полицига хаийтича бен гучу ца даьлла ши кIант Нохчийчу дIавигна хилар.

  • Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
  • Кавказ.Реалиига лецначийн гергарчех йолчу цхьана зудчо хаийтира хьалхо, телеграм-чат лелош хилла кегийрхой, кхетош-кхиорхьама, латтабо КъурIан а доьшуьйтуш, аьлла.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG