ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Reuters: Гуламхошца кхин а къиза хила кийча ю Кремль


Оьрсийчоьнан Iедал, "эшна меттиг ягIахь", кхин а дукха ницкъ арабаккха дагахь ду митингаш дIасалохкуш. Иштта хаам бина Reuters агенталле Кремлна гергаволчу наха.

Агенталлица къамелдинчех цхьамма бахарехь, Дечкен-баттахь хилла протестан акцеш дIасалахка арабаьхна ницкъаш алссам бесто кийча ду Iедал, шолгIачунна хетарехь, гуламашхошцакхин къизахьавзар ю Кремль кхидIа йолчу хенахь.

Масал далош хьостанаша дагалоьцу Беларусехь Лукашенко Александра а, Венесуэлехь Мадуро Николаса а протестхошна бина тIеIаткъамаш. Цигарчу акцийн аьтто ца баьлла пачхьалкхехь Iидал хийца. Ткъа шеко яц Кремль горахIуттур цахиларх. Лукашенко тоьлла, Мадура а ву шен гIентахь", – аьлла Reuters-е Кремльна гергаболучара.

Царна хетарехь, пандеми яра яьржина аьлла доцуш, тоаме ду, Венесуэлехь санна эшна дац Оьрсийчуьра социалан-экономикан хьал. Цу тIе, дукхахболу Оьрсийчоьнан бахархой консерваторш бу, царна ца оьшу хийцамаш, аьлла хьостанаша.

Дечкен-бутт боьрзуш – карарчу беттан юьххьехь сануци йоцу гуламаш лаьттира Навальный Алексей лацар цатайначийн. Вуно дукха нах бу лецна. Полицино а, кхечу ницкъаллин хьукматашкарчу белхахоша а гIело еш, еттахь дIасалаьхкина, чубоьхкина протестхой. Белхашкара, доьшучуьра дIабохуш бу акцешкахь хилла нах.

Регионашкарчу Навальныйн штабийн куьйгалхочо Волков Леонида дIахьедина гуламаш бIаьсте яллалц хир бац кхин, аьлла.

Селхана ша набахте хьажо сацам бинчул тIаьхьа дуьххьара вистхилла шен агIончашка Навальный. Цо кхойкху уьш Iедале шаьш ца кхерабайтаре. "Вайгарчу кхерамна тIетевжаш бен аьтто бер бац церан Iедал карахь латто а, шайн дола бахамаш берзо а", – аьлла оппозицин лидеро.

XS
SM
MD
LG