ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьде хьажийна Дагестанна 1999-чу шарахь тIелатар деш дакъалаьцначу кхин а шина тIемалочун гIуллакх


Басаев Шемил, Дагестан, Ансалта, 1999 шо
Басаев Шемил, Дагестан, Ансалта, 1999 шо

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Къилбаседа Кавказехула йоьлчу коьртачу урхалло таллам чекхбаьккхина Басаев Шемилан а, Эмир Хаттабан а тIеман тобанан декъашхо хилла аьлла лаьцна волчу Аджиньязов Суртланбекана а, Арсланов Русланбекана а дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. И шиъ бехке веш ву Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатар дарна а, талоралла лелорна а, тIеман гIаттамехь дакъалацарна а, хаам бо Оьрсийчоьнан Таламан комитето.

Аджиньязов а, Арсланов а лацарх лаьцна Талламан комитетан зорбан сервисо хаам бира стохка, 2020-чу шарахь, Товбеца-баттахь, YouTube-хь видео а хIоттош.

Талламхойн версица, 1999-чу шарахь Мангал-бутт юккъебаьлчул т1аьхьа Ставрополан мехкан ши вахархо Аджиньязов а, Арсланов а шаьшшина лаамехь дIакхетта хилла Басаев Шемила а, Эмир Хаттаба а куьйгалла дечу тIеман тобанах. Цул тIаьхьа цаьршимма жигара дакъальцна тIеман хиламашкахь.

Аджиньязов а, Арсланов а зуламаш дарна бехке вечу бехктакхаман гIуллакхехь аьлла ду "1999-чу шарахь Марсхьокху-баттахь, герза а карахь, цхьа эзар стагах лаьттачу тIемалойн тобанна юкъахь" Оьрсийчоьнан "пачхьалкх йохо а, цуьнан конституцин дӀахӀоттам бохо а" дагахь араваьлла и шиъ аьлла. Иза хиллера Дагестанехь БотIлихан кIоштахь.

Талламан комитетан белхахоша хIоттийначу кехата тIехь дуьйцуш ду "нисса хьежа а деш, герз диттина оцу бандан декъашхоша Аджиньязов а, Арсланов а юкъахь а волуш, вийра 33 стаг", чевнаш йира 34 стагана бохуш.

Талламхоша "тоам боллуш база гулйина", боху Талламан комитетан хааамехь, и нах бехке хилар гойтуш, цундела Аджиньязовна а, Арслановна а дуьхьал долийна бекхтакхаман гIуллакх дIахьажийна Къилбан федералан тIеман кхеле. И кхел туп тоьхна ю Ростовхь (Ростов-на-Дону).

Талламан комитето билгалдаккхарехь, "зулам даран гIуллакх толлуш левина эшам хилла лору 72 эскархо я эскархойн юххера гергара стаг, йина 70 сов суьдан-медицинан экспертиза". Оцу зуламан гIуллакхехула федералан а, дуьненаюкъарчу а талламе велла 28 стаг.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето бинчу хаамца, 1999-чу шарахь дуьйна 2021-чу шаре кхаччалц лаьцна Дагестанан БолтIлихан а, Цумадан а къошташна тIелатар деш дакъалаьцна 80 сов стаг, кхел а йина, чувоьллина тайп-тайпана хенаш а тоьхна.

7 тIемалочунна, шайна юкъахь Басаев Шемил а волуш, дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх дIакъевлина уьш кхалхар бахьана долуш.

Талламан комитето дийцарехь, карарчу хенахь толлуш бу масийтта стаг оцу тобанна юкъахь хилла хила мега аьлла талламхошка кхаьчна хаамаш. Дагестанан шина кIоштана дина тIелатар таллар дIахьош ду кхин дIа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG