ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхо: Нижний Новгородехь лаьцна ши кIант вен вигина Нохчийчу


Бакъоларъярхой кхоьру Нижний Новгородехь лецна нохчийн кегийнах байъа дIабигина хиларх. Иштта ду сихха гIо кхачочу "Российская ЛГБТ-сеть" программин координаторна Истеев Давидна хетарг.

Кхерамах кIелхьара волуш, Оьрсийчуьра дIаваха йолчу ойланца стохка аьхка вахана хилла Нижний Новгороде Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIал а, амма ца кхиина.

"Оппозицехь лаьтта "Осал нах 95" телеграм-канал лелорна лецна хилла уьш а, кхиболу модератораш а кхаьбна набахтехь, кхетош-кхиабо бохуш, КъурIан а Iамадойтуш. Къуран Iамош уьш буйла хиича, Кадыров къинтIера вала там бу, олуш хилла цаьрга. Ши кIант махкара ведча, уьш тергалбеш, интернетехула зуьйш, болу меттиг къастош лелла Нохчийчуьра ницкъхой", - дийцина Истеевс.

Цунна хетарехь, ши кIант бехкевечара эшна хьал лерина уьш кхиболчу божарех къаьсташ хилар. ГIалат даьлла Магомадовгара – цо доьхкина ша схьадиллина керла телеграм-канал, оцо гучуяьккхина уьш болу меттиг.

Нохчийн оппозицин 1ADAT боламан декъашхой а кхоьру вадийна шиъ верна. Цара бинчу талламо гойту ши кIант волу меттиг хиинарг Кадыровн администрацица зIе йолуш хилар. Цунна тIехь дуккха а ю цо адамийн бакъонаш талхийна меттигаш, боху 1ADAT-хоша.

Кавказ.Реалиин аьтто ца баьлла Нижний Новгородерчу а, Нохчийчуьрчу а полицин белхахошкара комментари яккха.

  • Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
  • Кавказ.Реалиига лецначийн гергарчех йолчу цхьана зудчо хаийтира хьалхо, телеграм-чат лелош хилла кегийрхой, кхетош-кхиорхьама, латтабо КъурIан а доьшуьйтуш, аьлла.
XS
SM
MD
LG