ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

21 шо кхаьчна Алдахь федералаша иттаннаш нах байъина


Нохчийчохь тIом марсабаьлла боьдучу 2000-чу шеран Чиллан-беттан 5-чу дийнахь, паспортан низам муха лардо толлу шаьш аьлла, Соьлжа-ГIалин йистехь лаьттачу Алда-Юьрта кхаьчна хилла Петербургера а, Рязанера а махка даьхкина ницкъхойн дакъош (ОМОН).

"Лерина операци" йирзина юьртара зуда а, къано а, жима а, воккха а хIаллакварца, нехан цIенош чуьра бахам лачкъорца.

Байъинчу нехан терахь кхочу, кеп-кепара йолчу информацица, 52-нна тIера 82-нне.

Оьрсийчоьнан Iедало харц ца дина Петербургерчу ОМОН-о оцу дийнахь Алдахь "лерина операци" дIаяьхьина хилар, амма таIзар ца дина цхьанненна а.

Дуккхк шераш девллачул тIаьхьа (2017-чу шарахь) Страсбургерчу дуьненаюкъарчу кхело листина Алдахь нах байъарх долу юьртарчу бахархойн арз. Нах хIаллакбарна бехкедина цо Оьрсийчуьра Iедал. Амма цул тIаьхьа а ца листина Оьрсийчоьно Алдахь нах хIаллабар, къастоза дитина дуккха зама хьалха айдина хилла бехктакхаман гIуллакх.

XS
SM
MD
LG