ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мотт хууш а воцчунна гIуда тоьхна гуламехь лозунгаш кхайкхорна


Петербургехь кхело 5 000 сом гIуда тоьхна меттигерчу вахархочунна Агафонов Евгенийна, гуламехь "кхечаьрца цхьаьна лозунгаш кхайкхош" хьийзарна.

Хаам баржийначу "Апология протеста" портало бахарехь, Агафонов мотт бийцалуш а, я хууш а вац – 3-чу тIегIан инвалид ву къора хиларна.

Ша лоцучу хенахь туькана воьдуш хилла Агафонов. Шега полицино динчу хаттарна жоп яздеш, ца хаийтина шена протестан акцех хууш хIума дац, аьлла, гIиртина Iедалхошна ша къора хилар хаийта. 9 сахьт даккхийтина цуьнга изоляторехь, ца кхайкхина гочдархо. Адвоката дийцарехь, цо агIолаьцнарг кхеташ ца хилла шега дуьйцучух, а ша стенна бехкево а.

  • Дечкен-беттан 23-чохь а, 31-чохь а Петербургехь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а протестан гуламаш хилира оппозицин лидер Навальный лаьцначуьра дIахеца Iедал декхаредеш. Лецира акцешкахь 6 эзар сов стаг. Петербургехь лаххара а 7 вахархочунна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх.
XS
SM
MD
LG