ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь шена ши террорхо карийна боху ФСБ-но


Полицина а, маьршачу бахархошна а тIелата Iалашо йолуш ву, аьлла, ши стаг лаьцна Дагестанехь.

Уьш къайлах лелачу террорхойн тобанах бу, хаам баржийна ТАСС агенталло, республикерчу ФСБ-н урхаллин информацина тIе а тевжаш.

"Буьйцурш лецна цара шаьш къайлаяьхна оьккху коьчал а, герз а, патармаш а схьаоьцучу хенахь", - боху хаамехь.

Билгалдоккху герз чохь долу тоьла Дагестанерчу Дербентан кIоштахь талламаш беш Чиллан-беттан 5-чу дийнахь хааелла хилар.

  • Хьалхо Дагестанерчу ницкъхоша дIахьедира, шаьш махкахь 6 стагах лаьтта террорхойн тоба Iораяьккхина, аьлла.
  • 2020-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь вийна 20 сов террорхо, лаьцна царна гIодеш лелла 70 стаг, бохура деношкахь Цхьаьнатоьхначу эскарийн декъан буьйранчас инарла-лейтенанта Федорук Василийс.
XS
SM
MD
LG