ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхоша Европан кхеле доьху, вадийна, Нохчийчу дIавигинчу шинна сихха орцахъялар


"Российская ЛГБТ-сеть" юкъаралло Европан кхеле арз хьажийна Чиллан-беттан 4-чу дийнахь Нижний Новгородера ницкъхоша вадийначу Нохчийчоьнан шина вахархочунна Магомадов Салахьна а, Исаев ИсмаьIална а сихха орцахъялар доьхуш.

Дехар дахьийтина юкъаралло Нижний Новгородерчу полице а, Талламан комитетан урхалле а. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Новая газето", юкъараллин пресс-векала Бесцвет Тима елла информаци йовзуьйтуш.

Магомадов а, Исаев а карарчу хенахь волу меттиг ца хаьа бакъоларъярхошна. Ши жимастаг лоцуш хьийзинарш Гуьмсера а, Нижний Новгородера а хиллехь а, я Гуьмсера а, я Нижнера а ницкъхой реза ца хилла адвокатца Немов Александрца къамел дан.

"Нижнерчу полицехь бакъдира Исаев а, Магомадов а машенахь Гуьмсе вуьгуш хилар, уьш цхьана бехктакхаман гIуллакхца доьзна, тоьшалла дан буьгуш бу элира, амма ца хаийтира, хIун бехктакхаман гIуллакх ду дуьйцург ", - яздо "Новая газето".

Шиннах цхьаъ, Исаев, кхиазхо ву, иза тоьшалла дан вига бакъо яц полицин уллехь да я нана йоцуш, я верас воцуш, боху Бесцвета.

  • Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
XS
SM
MD
LG