ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиране юхахьажча: Протестийн мах а, Нижнийн Новгородера ши нохчо вадор а


Чиллан-бутт, 1, оршот

Шарахь вийна 20 сов тIемало

2020-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь вийна 20 сов терризман машанийн декъашхо, дIахьедина Эскарийн оперативан дакъан буьйранчас инарла-лейтенанта Федорук Василийс. Уьш боцуш, лецна тIемалошна гIодарна 70 сов стаг а, лаха кхайкхийна хилла Оьрсийчоьнан 480 вахархо а, хаам баржийна Федорука.

Муьлш лела протестан акцешка?

Дечкен-беттан 31 Краснодарехь протесте бевллачу нехан юкъара сурт хIоттийна социолаша. Ах декъашхой бу 25-25 шераш долуш, кхиазхо ву 100-ннах 5.

Иштта оппозицин лидерехьа Навальйный Алексейгахьа хIитточу гуламийн декъахойн жигархочо Калашников Ивана билгалдаьккхина юкъара сурт. "КIира хьалха бира изза таллам Москварчу протестан гуламашкахь, кхетта со и сурт ерриг а Оьрсийчоьнна юкъара хиларх ", - дуьйцу жигархочо.

Хааделла цунна 101 стагах 64 хиллачу протестан шина а акцехь дакъалоцуш хиллийла. Хеттаршна жоьпаш деллачех дукхахберш (64 стаг) ГIура-беттан 31-чохь дуьххьара нисбелла хилла протестан бараме. Хеттаршна жоьпаш деллачу нахалахь нисвелла 4 пенсионер а, 5 кхиазхо а.

Чиллан-бутт, 2, шинара

"Ахматера" ведда Мбенг Аблай

Нохчийчуьрчу "Ахмат" клубера ведда Африкера футболхо-форвард Мбенг Аблай. И хаам бакъбира клубан коьртачу тренера Талалаев Андрейс.

"Мбенг, хаттар-алар а доцуш, кемана а хиина, дIавахана Африке. Суна цул тIаьхьа иза гина вац. Спортан директора бахарехь, кхин вац иза клубехь. Контракт дохийна бохург – иза соьга дац", – дIахьедина Талалаевс MetaRatings интернет-газете.

ГIура-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхнаячу Штаташа футболан клуб "Ахмат" а, латархойн клуб "Ахмат" а санкцеш а хIиттош, язйира

"Магнитскийн тептара". Адамийн бакъонаш хьешарна санкцешна кIел ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера масех стаг а.

Вадийна стаг схьакарийна полицин декъехь

ГIуран-беттан 29-чохь бевзаш боцчу наха Соьлжа-ГIалахь шен цIера дIавигина Кабилов Ахьмад карийна бутт баьллачул тIаьхьа Шайх Мансуран кIоштарчу полицин изоляторехь. Иза бехкево герз лелорна, боху адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро.

Вадийна 20 де сов хан яьлча бен ца айдина ницкъхоша Кабиловна дуьхьал бехктакхаман дов. Мемориалхоша халахетарца хаийтина, иза волу меттиг шайна хиинчул тIаьхьа цуьнан гергарчара шайца лелла юкъарло ца леладо, аьлла. Оцу бахьаница бакъоларъярхошна хала ду Iедале шегара яьллачу харцонах жоп деха.

Навальный Алексей - набахте

Москварчу Симоновски кIоштан кхело сацамбина оппозиционер Навальный Алексей набахте хьажо. 2014-чу шарахь цунна йинчу кхело арахь яккха кхайкхийна хилла хан хIинца набахтехь яккха кхайкхийна-3,5 шо. Кхело шен сацамехь дIахьедина, Навальныйс лар ца дина 6 шо хьалха а, цул тIаьхьа а йинчу кхелаша полицин тергонера вар доьхкуш кхайкхийна хилла тIедахкарш, аьлла.

2017-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело ша бинчу сацамехь билгалдаьккхира 2014-чу шарахь Навальныйна кхел харцонца йина, аьлла. Оцу бахьаница къастийна компенсаци а дIаелира Навальныйна Оьрсийчоьно. Амма Лакхарчу кхело нийса лерира Навальныйна пачхьалкхерчу кхело таIзар дар, духьалхилира и сацам хийца. Таханлерачу кхелехь Навальныйс а, цуьнан адвокаташа а тоьшаллаш далийра политик Германера хеннахь схьаван могашалло ца витина хиларх лаьцна. Делахь а бинчу сацамо тидаме ца эцна уьш.

Чиллан-бутт, 3, кхаара

Нохчийчу балха хьийсо ФСБ-но лоьху юьстахара нах

Оьрсийчоьнан ФСБ-н дозалардаран урхалло Нохчийчохь болх бан оьцу оцу махкара боцу нах. Кегийрхой цига кхойкхуш, ФСБ-н урхаллина тIе а тевжаш, хаам баржийна "Новости Волгограда" газето. "30 шо кхачанза хила беза балха хIуьттурш. Эскарехь гIуллакх динарш а, лаккхара дешаран диплом дерш а оьцу балха", - билгалдоккху газето. Могашалла дика йолуш а, набахти текхна боцуш а хила беза балха оьцурш, аьлла бу хаам. Уьш оьшу, газето дийцарехь, Нохчийчоьнан лаьмнашкахь Оьрсийчоьнан доза лардан.

Кадыровгара «оьздангалла»

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана юха а ирча мотт лебина "Грозный" телеканалан эфирехь.

Дечкен-беттан 23-чу дийнахь Москвахь Навальныйгахьа хIоьттинчу гуламехь полисхошна дуьхьалоярца гоьваьллачу МГУ-н студентах Джумаев Сайд-Мухьаммадах лаьцна дуьйцуш, иза "газа", "кIилло чагIалкх" ю, бохура Кадыровс, к1ентан цIе иза зуда йолуш санна а йохуш.

  • Москварчу пачхьалкхан университетан студент Джумаев полисхошна дуьхьаллеташ гойту видео яьржина интернетехула. Полицино лаца кхайкхийра иза, пхи де даьлча карийра Псков гIалина гергахь. Бехктакхаман гIуллакх айдина цунна дуьхьал. Лаьцна иза шина баттанна, бехк тIеэцна шена студента.​

Чиллан-бутт, 4, еара

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун ваша Битаров Казбек велла карийна

Шен хIусамехь велла карийна Къилбаседа ХIирийчоьнан Битаров Вячеславан ваша Битаров Казбек. Регионан куьйгалхочун администрацерчу белхахоша дийцарехь, вуно боккхачу Iаткъамца вехаш хилла Битаров Казбек, ша декъахь а волуш, ши бутт хьалха некъахьовзам нисбаларца доьзна. Алссам хьал долахь долу совдегар вара Битаров Казбек, Къилбаседа ХIирийчуьрчу кхаа компанин да вара иза.

  • Битаров Казбек декъахь а волуш, некъахьовзам хилира ГIебарта-Балкхаройчохь Дечкен-беттан 12-чохь. Шен йоцчу некъан асанна тIеваьлла хиллачух тера ду иза, прессо бахарехь. ДуьхьалйогIучу машена чохь хилла нах белла берраш а – зуда а, майра а, церан жима ши бер а.​

Чиллан-бутт, 5, пIераска

Байден Джос маьршаваккха аьлла Навальный

Лаьцна кхобу Оьрсийчуьра оппозиционер Навальный Алексей сихонца дIахеца веза, аьлла Пачхьалкхан департаментан белхахошца къамелдеш Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Байден Джос.

Кху деношкахь шен Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца хилла къамел а довзйитина цо. Ша Путинна дIахаийтина Цхьаьнатоьхна Штаташ Оьрсийчоьнан шогаллах озалуш яьхна хан дIаяьллийла, аьлла цо.

Байдена хаийтина гулбеллачарна Москва Американ демократина хIинца а юйла зен дан кийча. "Вай Оьрсийчоьнна ма-оьшшу дуьхьало, нагахь санна и болх вешан партнерех дага а довлуш бахь", – аьлла президента.

  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенаторша, демократаша а, республикахоша а, Конгрессе дIакхачийна Оьрсийчоь зуламаш дарна жоьпе озорах долчу низаман проект. Навальныйна дIовш деллачарна а, и дIовш кхоьллинчарна а дуьхьал санкцеш яхарх лаьцна ю и проект.

ГIелонах бевддарш лецна, юхабигина Нохчийчу

Нижний Новгородехь полицино лаьцна "Российская ЛГБТ-сеть" олучу цхьаьнакхетаралло Нохчийчуьра вада яхначу аьхка аьтто бина хилла ши жима стаг – Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIал а. Гуьмсе дабигна уьш ницкхоша. Ши кIант лачкъийна меттигерчу полисхоша гIо а деш.

  • Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.

Чиллан-бутт, 6, шотт

Европан кхеле Магомадовна а, Исаевна а орцахъялар доьху бакъоларъярхоша

"Российская ЛГБТ-сеть" юкъаралло Европан кхеле арз хьажийна Чиллан-беттан 4-чу дийнахь Нижний Новгородера ницкъхоша вадийначу Нохчийчоьнан шина вахархочунна Магомадов Салахьна а, Исаев ИсмаьIална а сихха орцахъялар доьхуш.

"Нижнерчу полицехь бакъдира Исаев а, Магомадов а машенахь Гуьмсе вуьгуш хилар, уьш цхьана бехктакхаман гIуллакхца доьзна, тоьшалла дан буьгуш бу элира, амма ца хаийтира, хIун бехктакхаман гIуллакх ду дуьйцург ", - яздо "Новая газето".

Шиннах цхьаъ, Исаев, кхиазхо ву, иза тоьшалла дан вига бакъо яц полицин уллехь да я нана йоцуш, я верас воцуш, боху Бесцвета.

Шен дипломаташ нон-грата кхайкхорна Кремльна жоп кечдеш ю Европа

Европан Берто бехкбиллина Оьрсийчоьнна Чиллан-беттан 5-чохь цо шен дипломаташ махкахбаха кхайкхорна. Кхаа векалх цхьаъ шениг волчу Германино дIахьедина, нагахь санна сацам юхаэцна меттиг ца ягIахь, ша доггIу жоп лур ду Оьрсийчоьнна, аьлла.

Польшин, Швецин, Германин цхьацца дипломат нон-грата кхайкхийна Оьрсийчоьно, уьш оппозиционерна Навальный Алексейна тIетайначу нехан протестан гуламе бахана хиларна. Шайн дипломаташа ца талхийна цхьа а низам, ца лаьцна дакъа магийна йоцчу акцешкахь, аьлла кхаа а пачхьалкхо.

Германино "жоп доцуш дуьтур дац" Оьрсийчоьно дипломаташ арабахар, нагахь санна цо и сацам юха ца эцахь, аьлла Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Маас Хайкос. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан сацамо "кхин а доккха зен до Европаца ишта а эгIна йолчу шен юкъаметтигашна". Канцлера Меркель Ангелас, бух боцуш ду, аьлла, Оьрсийчоьно дипломаташ махкахбахар.

Чиллан-бутт, 7, кIиранде

Адвокат ца оьшу шайна алийтина Магомадовга а, Исаевга а

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса адвокат ца оьшу шайна алийтина, Чиллан-беттан 4-чохь вадийна, полисхоша Нижний Новгородера Нохчийчу д1авигинчу Магомадов Салахье а, Исаев Исмаь1але а. "Ша уьш сийсазбийр бу, элира цо, массо а махкарчу а, федералан а телеканалашкахула" – довзуьйту "Дождь" телеканало "Российская ЛГБТ-сеть" юкъараллин пресс-векалан Бесцвет Тиман къамел – оцу юкъаралло адвокат лаьцнера бовдийначарна, амма иза тIе ца кхочийтина царна. Бесцвета ца йовзийтина духьало йинчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран г1овсан ц1е.

Магомадов а, Исаев а Нохчийчу дуьххьара д1акхачийна меттиг евзина селхана. Нижний Новгородера Гуьмсе бигина уьш, цигахь лебина т1еман тобанца церан х1ун з1е ю зуьйш. Хеттарш динчул т1аьхьа кегийнах д1ахоьцур ду аьлла хилла. Амма Гуьмсерчу полицин цIа чуьра арабовлуш лецна кхечу декъерчу полисхоша. Ши к1ант юха а лаьцна, дIавигина Аьрга-Хишка (Серноводск). Адвоката Немов Александра бахарехь, Магомадов а, Исаев а цхьана бехктакхаман гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан бохку полисхой – ткъа ца хаийтина цунна, х1ун дов ду дуьйцург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG