ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 839 дархо


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 26 стаг велла коронавирусан уьнах, вирус хааелла кхин а 839 вахархочуьнца

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла 16 дархо, Ставрополан махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а кхоккха велла, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а шишша велла, ГIалгIайчохь цхьаъ.

Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах кхелхина лоруш ву 7 212 стаг.

Къаьсттина дуцкха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан махкхаь - 222 пациент.

Ставрополан мохк + 222 (44 295 эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 181 (35 142)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 84 (194 58)
Дагестан + 71 (28 598)
ГIалмакхойчоь + 66 (17 992)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 60 (18 073)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 53 (14 905)
Адыгей + 38 (13 349)
ГIалгIайчоь+ 33 (14 238)
Нохчийчоь + 3I (11 020)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь вирус токхуш ву 217 070 стаг. Йоллу Оьрсийчохь ун даьлла ву 3 983 197 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG