ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Студенташна а, дешархошна а дехка деза гаджеташ доьшийлашка кхехьа, "Японехь а санна" аьлла Калиматовс


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Студенташна а, школашкарчу дешархошна а камера тIехь йолу а, интернете вала аьтто лун а гIирсаш шайца цхьана доьшийлашка кхехьа дехка деза аьлла, хьехна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас.

"Берийн хаарш лакхадахархьама а, дисциплина нисъян Iалашонца а, ишта, коьртачу декъанна, ца оьшучу контентан тIеIаткъамах уьш ларбархьама а" коьрте деана шена аьлла, кхетийна цо.

"Интерфаксо" яздарехь, Калиматов тIетевжина шен дIахьедарехь Японин зеделлачунна.

"Япони технологин агIор гена яьлла пачхьалкх юй? Ткъа шуна хаьий, церан школашкахь а, я лакхарчу доьшийлашкахь а гаджеташ кхехьа а, царех пайдаэца а дихкина дуйла? Вай ойла ян еза, Жансурат Джабраиловна, меттигерчу парламентан таро юй-те оцу кепара низам тIеэца", - аьлла, хеттаршка ваьлла Калиматов регионерчу парламентна чуйогIучу дешаран а, культуран а комитетан куьйгалхочун гIовс йолчу Аушева Жансуратаца.

Кегийрхоша а, кхиазхоша а "социалан машанашкахь йойъу" хан а кхоон еза вай аьлла, билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG