ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зеленский: «Спутник V» вакцинаца эксперименташ лелайойтур яц украинхошна тIехь, уьш пхьагалш яц


Зеленский Владимир
Зеленский Владимир

Оьрсийчоьнан «Спутник V» вакцинаца эксперименташ ян украинхой пхьагалш яц аьлла, дIахьедина Украинан президенто Зеленский Владимира. Официалехь вакцина эвсара ю аьлла, тIечIагIдина дац, цунна хетарехь. Коммерсант газетано бина цунах лаьцна хаам.

Карладоккху, дахначу кIиранах The Lancet Iилманан журнало Iорадехира «Спутник V» вакцина зуьйш хилла 3-чу фазан жамIаш, 91 процентехь пайден ю ала тарло и препарат аьлла, хаамбеш.

"Оьрсийчоьно арахецна "Спутник V" вакцина юкъархила хьакъ ю, 90-91 процент эффективе а ю аьлла, цхьана а кепара официалан информаци яц, - аьлла Зеленскийс, коронавирусаца латточу къийсамах хIоттийначу форумехь. - Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацино а, коьртачу эксперташа а иза къобалъйина яц. Украинан бахархой адамаш ду, иштта ас аларна бехке ма дилла, пхьагалш яц. Царна тIехь эксперименташ лелон вайн бакъо яц".

Хьалхо дIахьедира Зеленскийс, коронавирусаца пачхьалкхехь долу хьал тоделла догIу, цомгаш хуьлучу нехан терахь кхоазза лахделла аьлла.

ХIопкинс Джонан Университетан зерашца, дуьненчохь 17-чу меттигехь ю Украина ун даьлла нах дукха хиларца - 1,3 миллион стаг. Эпидеми иккхичхьана велла цигахь уьнах 25 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG