ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стаг вен 50 эзар долларшкахь мах кхайкхийнарг лаьцна Нохчийчохь


Generic -- Corruption
Generic -- Corruption

2013-чу шарахь 50 эзар долларшкахь мах а эцна, меттигера стаг вийна аьлла, шеконашкахь хилар Бачалов Расул Нохчийчохь дIалаьцна. Дуьненаюкъарчу лехамашка велла вара иза.

Талламчийн версица, Бачаловца юкъахь хилла кхин а ши накъост. Цаьрца барт а бина, карийна хилла цунна, зулам кхочушдайта кхозлагIа стаг, ткъа вукхо полицига дIахаийтинера. Ша иза вийна аьлла, Бачаловна тоьшалла деш, вен кхайкхийначун велча санна кеп хIоттийна даьккхина сурт дIагайтинера цо, дуьйцу Нохчийчуьрчу талламан урхалло.
Бачаловн шина юкъархочунна яккхий хенаш тоьхна, таIзар токхуш набахтехь бу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG