ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь лечу нехан терахь 18 гергга проценте даьлла


Оьрсийчоьнан вице-премьеро Голикова Татьянас хаамбарца, дахначу шарахь динчу зерашца, 17,9 проценте лакхадаьлла лечу нехан терахь пачхьалкхехь. Стохка, цо бахарехь, 31 проценте дара коронавирусах беллачийн дакъа.

Росстатан статистикаца, 2020-чу шарахь Оьрсийчохь велла 2 миллион 124 эзар стаг.

Оцу юкъанна, Охан-баттера Дечкен-батте кхаччалц кхелхина COVID-19 вирусца доьзна 162 эзар сов пачхьалкхера вахархо

Оьрсийчохь 2020-чу шарахь дуьненчу девллачу берийн терахь (цхьа миллион 400 эзар сов) 2002-чу шарера схьа дуьйна лерича, тIех лахара ду, яздо "Интерфаксо".

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG