ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера ковидан хьал: 39 дархо велла, ун даьлла кхин а 818 вахархочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 39 стаг, вирус къаьстина кхин а 818 вахархочуьнца.
Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 17 дархо, Ставрополан махкхаь - ялх, Дагестанехь - пхиъ, Къилбаседа ХIирийчохь - кхоъ, ГIебарта -Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а - шишша велла, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца пациент кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла уьнах 7251 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан махкхаь - 220 стаг.

Ставрополан мохк̆ + 220 (44 515 ву эпидеми йоьлчхьана)
Краснодаран кIошт̆ + 179 (35 321)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 83 (19 541)
Дагестан + 70 (28 668)
ГIалмакхойчоь + 64 (18 056)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 58 (18 131)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 51 (14 956)
ГIалгIайчоь + 35 (14 273)
Адыгей + 33 (13 382)
Нохчийчоь + 25 (11 045)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусца ву 217 888 стаг. Оперативан штабан зерашца тахана, Чиллан-беттан 9-чохь, Оьрсийчохь ву 3 998 216 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG