ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу милцоша Iазап хьегийтинчу вахархочунна 50 эзар евро лур ду


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2005-чу шарахь аьхка Ленинскин кIоштарчу милицин декъехь Iазап лайначу Нохчийчоьнан вахархочунна Гастемиров Романна 50 эзар евро компенсаци ялар тIедожийна Оьрсийчоьнна Францерчу Страсбургехь туп тоьхначву Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело.

Милицин белхахоша йиттинера Гастемировна когашца а, куьйгашца а, ницкъбинера ток йоьттуьйтуш, гIаттамхошца лелла хиллана, бехк тIелаца бохуш, хаам бо "Iазапашна дуьхьало латточу Комитето".

"Акхарой санна хьийзара уьш. Со цхьана кхечу дуьненахь ву аьлла, хетара суна", - дуьйцу бакъоларъярхоша Гастемировн дагалецамех лаьцна.

Эххар а, 2006-чу шарахь набахтехь яккха хан туьйхира цунна - 6 шо. Цо дина мукIарло бертаза дара бахар а тидаме ца ийцира кхелахоша.

Пачхьалкхехь Нохчийчоьнан вахархочун бакъонаш юхаметтахIиттон ницкъ ца кхаьчначу бакъоларъярхоша, 2010-чу шарахь Европан кхеле латкъамбира цуьнан хьокъехь.

Европан конвенцин адамийн бакъонех лаьтта 3-гIа артикл Оьрсийчоьно хьаьшна хилар тIечIагIдира Страсбургерчу кхело.

Стохка ГIадужу-баттахь оцу кхело 34 эзар евро Нохчийчуьрчу вахархочунна Владовский Михаилна охьадиллар тIедожийра Оьрсийчоьнна. 2004-чу шарахь милицин декъехь йиттина хиллера цунна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG