Бисавалиев Мохьмада, яздархочо, исбаьхьаллин-публицистикан "Дагестан" журналан редактора ша Кавказ.Реалиин редакцина еллачу интервьюхь йовзуьйту ша поэтан Гамзатов Расулан (1923–2003) гIоьнча лаьттина хан а, шена угаре беза болу дагалецамаш а. Бисавалиевна дагабогIу Гамзатов кхелхинчул тIаьхьа зорбане бовланза бисинчу цуьнан белхех дукхахберш.
– Гамзатов Расула, кхеташ ду, лоцур вацара шена накъост мила-мила а, олуш ма-хиллара, тешор бацара шен белхаш арахьарчу стаганна. Гоьваьллачу поэтан гIоьнча хIоттале, хьо хIун лелош вара?
– Со лекхачу лаьмнашкахь, Суьйлийн Койсу гуллучохь, Ломан Дагестанехь вина 1973-чу шарахь. Тхан да школин директор вара, нана – дарбан цIийнан куьйгалхо. 1990-чу шерийн юьххьехь веара ХIинжа-ГIала, Дагестанан университет яьккхира, Малхбале толлу филолог хилира сох.
Со кхиинчу лаьмнашкахь литературина герга доьзал бара тхайниг, дас, хьумарш, сан йижарша а, вежарша а – оха массара а йоьшура оьрсийн классика, суьйлийн литература. Тхуна чIоггIа езара Гамзатов Расулан кхолларалла, классикаш, Расулан да – ЦIадаса ГIамзат а, Махьмуд а. Суна дагахь хаьара тхайн поэзи, еза а езара. Бакъдерг эр ду ас, къона волуш ас айса а язйина байташ – вайх хIора а ма вуй ваьшлахь гIеххьачул поэт.
Воккха хилча, дешна ваьлча, со кхийтира, ас язйина байташ яцара аьттехьа а суна бевзинчу поэтийн байташца юста йиш йолуш. Далла бу хастам, уьш зорбане ца яха хьекъал тоьира суна!
Гамзатов Расул суна вевзира 1998-чу шарахь, со хIетахь суьйлийн газетехь болх беш вара. Со цига ма-кхеччи, цхьа йоза арахийцира ас, "ХIинца байтах ца ло нуьйр тиллина дин" аьлла. МаьIна иштта дара цуьнан: хьалха заманашкахь лаьмнашкахь дика илли даьккхинчу поэтна-байтанчина нуьйр тиллина говр луш хилла, ткъа хIинца, говр хьовха, цуьнан лан а ца ло. Советан Iедал доьхна шераш ду дуьйцурш, мехаллаш хийцаелла, поэташ хьалха санна базбар доьжна, пачхьалкхо гIодар дитина зама. Оцу йозан хьокъехь Гамзатов Расула "литературан еара" кхайкхийра Дагестанан яздархойн цхьаьнакхетараллехь, сан йоза дара дийцаредеш. Циггахь гергарло тасаделира тхойшинна юкъа.
Хьалха заманашкахь лаьмнашкахь дика илли даьккхинчу поэтна-байтанчина нуьйр тиллина говр луш хилла, ткъа хIинца...
Хаставала ца лаьа суна, цуьнан дукхахйолу кхолларалла дагахь хаьара суна. Цунна шена йицъелла байташ а йоьшура ас цунна дагахь. Со тайра цунна, цо со эццахь схьаийцира шен кхоллараллин гIовс. Оцу хенахь воккха стаг вара Расул, 80 шо гергга хан яра цуьнан. Цхьа ант дара иэсаца: цхьаъ юха-юха олуш нислора цо шен байташкахь. Ас боху цуьнга: "Расул Гамзатович, кху могIанехь ахь бохург хьалха аьлла ду "Дахаран чкъург" книги тIехь, ткъа хIара ахь яздина "Кхерч а, ага а" книжки тIехь, хIара - "Бодъеллачу дийнан делкъехь Дагестанан атагIахь", ткъа хIара - "Лаккхарчу седарчашкахь". Аьлча а, ас дагадохкуь йтура цунна, стенгахь кхоьллина цо хьалха изза шен васташ. ТIаккха тхойша охьахуура цуьнан йозанаш дIанисдан. Иштта яра сан юкъаметтигаш Расул Гамзатовичца иза валлалц йолчу ерриг а хенахь.
Шен дахар доьрзуче кхаьчча, 2003-чу шарахь, Москвахь дарбан хIусамехь ша волуш, весет яздира цо – иза хIинца а ду интернетехь. Цу тIехь цо кхузза яьккхина сан цIе, охьабагарбо шен чекхбахаза бисина белхаш, байтийн кочар "Шераш а, некъаш а", ерзонза йисина "Сан Дагестан" книгин кхоалгIа том, боху, соьга дехахьара оцу тексташца болхбар.
Бакъду, и йозанаш ца кхаьчна соьга Гамзатов Расулан доьзалера. Я дайъинехь а, я кхин цхьа хьовзам нисбеллехь а. Ас аьлла церан доьзале, нагахь санна шаьш царна тIенислахь, соьга ло уьш. Амма со гIур вац цаьрга дехарш дан. Дукхаъерш суна дагахь лаьтта, 2023-чу шарахь, Гамзатов Расулан 100 шо кхочуш, уьш вовшах а тоьхна, книга араяккха ойла ю сан. Гамзатовн доьзалера къайленаш суна ца евза, евзаш хилча а, нийса хир дацара уьш Iораяхар.
– Гамзатов Расулан амалехь муьлха агIо яра хьуна товш? Муха висина иза хьан дагахь?
– Тамаше, кIорга кхетам болуш адам дара иза. Вуно сема дара цо ша-шена кхел еш долу терза. ХIилла долуш, хьекъале вара иза! Ша цавезачара, критика ян торуш болучара шен кхачамбацарш дийца дахале, цо ша байтанчин хазачу маттаца дIакхайкхадора шегара девлла гIалаташ. Уггаре луьра кхел йора цо ша-шена. Суна хетарехь, иза яра цуьнан коьрта башхалла.
Уггаре луьра кхел йора цо ша-шена. Суна хетарехь, иза яра цуьнан коьрта башхалла
Цуьнан 80 шо кхаччале вайра Расул Гамзатович тIаьххьара, 2003-чу шеран Гезгмашин-беттан деношкахь. Ша вина де даздеш, Москва вахара иза, цигахь сов ницкъ хиллера, ткъа Лаьхьан-баттахь, кхоалгIачу дийнахь, дIавелира.
Девзаш долчу Чернышевскийн урамехь, ХIинжа-ГIалахь, цуьнан цIерачу товханна хьалха дагалоьцу ас иза. Къамел деш вара тхойша, гIайгIане вара иза, шен 80 шеран жамI деш санна Iара. Эли кхо, "Кхерч а, ага а" язйина – ю цуьнан 1994-чу шарахь язйина и книга, "Шераш а, некъаш а" чекхъяьккхина, кIеззиг ницкъ тоахьара, "Дахар а, Iожалла а" язъян.
Ша вина де даздеш, Москва вахара иза, цигахь сов ницкъ хиллера, ткъа Лаьхьан-баттахь, кхоалгIачу дийнахь, дIавелира
Ас боху: "Хьо, Расул Гамзатович, гIора долуш ву, безам хастош кхин а дуккха а ду хьан яздан дезаш, хьалхе ду Iожалла хьехо". Боху соьга: "Ас яздан долийна байтийн кочар". Хотту ас цунах лоций, цо сайна керла могIанаш довзийтаре сатосуш. "Иза, - боху кхо – Iаьржачу Стагах лаьцна ю, со волчу буса кест-кеста вогIучу стагах лаьцна, цуьнца къамел".
Тхойша и къамел деш а Iаш, хьеший баьхкира иза волчу. Цул тIаьхьа ухин ца гира суна иза.
Шо гергга хан яьллера иза кхелхина, зорбанехь даьржира цуьнан кехат-весет, цо цигахь доьху соьга шен йозанаш тIехь болхбар.
– Гамзатов Расулан байташ яржар муьлхачу къайленца ду?
– Советан Iедал доьхначул тIаьхьа литераторийн шаьш леха дийзира напха, байташ хьаькамашна, уьш хестош, язъян а, цхьацца барамашна язъян а, "актуалехь йолчу теманашна" язъян а. Гамзатов Расула литературан еарин деношкахь олура поэташка: "Актуалерчу теманашна публицистикехь, я газетан йозанашкахь язъян тарло, амма поэзи ца хуьлу ишта. Поэзино даиманенна йолу, хено ширъеш йоцу мехаллаш яржайо. Иза хила тарло даймахке болчу безамах, нене болчу безамах, тешамах, да ларарх, шен историга болчу ларамах лаьцна, дикане, вовшех кхеташ хиларе, дуьнентIехь бертахь дахаре кхойкхуш".
Гамзатов Расулан "Ларделаш" цIе йолу ерриг а цикл вуно боккхачу безамца тIеийцира Советан заманахь, иштта оьшуш ю и байташ нахана тахана а. Ларбелаш наной, ларделаш бераш, ларбелаш даймохк – иштта ю цуьнан лейтмотив. Расула олура: "Айса 1978-чу шарахь "Ларбелаш наной" поэма язйина, иза гочйича, суна кхин башха а ца хийтира иза, амма ас хьадина хиллера, сайна а ца хууш, миллионийн дегнаш, хIунда аьлча, нана массеран а ю, амма массеран ца баьлла аьтто цуьнан тоъал терго ян, цхьаволучуьн иза хеназа дIаяхана дуьненара, цхьаъ кхечу шен бахьаница ца кхиина иза хеннахь хьаста, байттамал хилла Iа".
"Ас хьадина хиллера, сайна а ца хууш, миллионийн дегнаш"
Дуьйцура, Расул Гамзатович Iийначу ХIинжа-ГIаларчу Чернышевскийн урамерчу 8-чу цIийнан поштин яьшка хIора дийнахь юзура бохуш, "Ларбелаш наной" поэма араяьлча, кехаташ кхоьхьуйтуш хилла цуьнга иза хазъеллачу наха Советан пачхьалкхан массо а маьIIера. Пошталелочо, дахьа меттиг йоцуш, яьшки тIе дохкуш хилла кехаташ таппашкахь.
Гамзатов Расул, ненан маттахь язъеш волу муьлхха а кхиволу байтанча а санна, гуттар а товш ву суьйлийн маттахь
Шуьйрра яьржинчех ю Кикабидзе Вахтанга а, Лещенко Лева а локхуш йолу "Ларбелаш доттагIий" байт а – наха гулбеллачохь локху йиш.
Кхеташ ду, шеко йоцуш, массо а заманашна гоьяллачех ю тоьллачу композитора Френкель Яна а, иллиалархочо Бернес Марка а гIараяьккхина йолу цуьнан "ГIарагIулеш" байт. ТIом бирзинчу шерашкахь "ГIарагIулеш" дагахь кхийтира миллионаш нахана.
– "Сан Дагестан" – Гамзатов Расула прозехь язйина йолу еккъа цхьа книга. Иза араяьлча, цецваьлла вара массо а –Советан пачхьалкхо литература социализман реализман гурашкахь кхобучу хьелашкахь цхьа а жанр а йоцуш язйина яра иза. Суьйлийн маттера оцу книгин оригинал муха тIеэцнера Дагестанехь?
– Ас цхьа шатайпа хилам бовзуьйтур бу "Сан Дагестанах" лаьцна. И книга муьлхачу жанрехь язйина ца кхеташ лаьттина ехха. Цигахь ю документалистика, цигахь ю публицистика, ю цигахь поэзи. Расул Гамзатовичан Iалашо а ца хилла цхьана жанраш гураш чохь саца, цо шена коьрте ма-хIутту дIаяздина дерриг а. Ша иза язйина ваьлча, цо шена гергга волчу цхьана дикачу суьйлийн поэте – Шахтаманов Омар-Хьажига – дехна хиллера цуьнан маьIна гочдар. Шахтаманов вуно кIорга Iилма долуш стаг хилла ву, цIен дипломца Москвара университет чекх а яьккхина, оьрсийн мотт шерра хууш. Цо "Сан Дагестан" книгин рогIера корта гочбича, ладогIа гулбелла литератораш Яздархойн цхьаьнакхетараллехь, тIехьа ши куьг а диллина, ваьлла лелачу Расула аьлла хилла: "Иза я гоьяьлла, литературехь гина йоцу хIума хилла дIагIур ю шуна, я иза буьззина гIурт бу шуна, амма цунах дерг вайна кестта хуур ду". Замано, литература евзачара, историно гайтина книга вуно доккха похIма долучо язйина хилар, 80 сов маттахь яьржина иза дуьнентIехула.
– ХIинца а тIехь хеза, Гамзатов Расулна байташ «йинарш» гочдархой бу, олий. Иштта цхьана Кавказехь олуш хилла а дац, ерриг а Оьрсийчохь хилла олуш. Бакъ дуй цо язйинчу суьйлийн байташна-оригалашна а, оьрсийн гочдаршна а юкъахь башхаллаш ю бохург?
– Гамзатов Расул а, цуьнан гочдархой а – иза йоккха, къовзаме, экама тема ю. Гамзатов Расулан кхоллараллина тIехь къахьоьгуш йоккха гочдархойн школа яра. Гамзатов гочдархоша когахIоттийна боху туьйра дан а ду лелаш. Иза вуно маьттаза харцо ю. Со суьйлин мотт хуучех а, иза даггара безачех а, оьрсийн меттан мах бевзачех а хиларе терра, соьга юстало байташ. Гамзатов Расул, ненан маттахь язъеш волу муьлхха а кхиволу байтанча а санна, гуттар а товш ву суьйлийн маттахь. Поэтийн оригиналаш даима а хуьлу гочдарел дика.
Стенна лела Гамзатовн оьрсийн маттахь йолу байташ суьйлийн маттахьчул дика ю боху туьйранаш? Иза герга хуьлура шен гочдархошца. Цара цуьнца цхьаьна дIакхачайора цуьнан ойланаш дуккха а нахе. Гочдархо, аьр вай, Козловский Яков я Липкин Семен, гочдарца оригинална юьстахо нисвелча, Гамзатов Расула юхахьажош хилла цаьрга шен байташ, кхин а болх бахьара тIехь, олий. Бегаше алам а бу оцу хьокъехь: "Ас хьуна тIе боргIал хьажийнера, ахь суна котам юхаяийтина!"
Гамзатов Расула шен байташ ма-ярра гочйойтуш хилла, цундела тоьлла нисъелла уьш оьрсийн маттахь а. Кхеташ ду, суьйлийн поэт говаьлла цуьнан байташ оьрсийн маттахь хезначу 300-миллионах лаьттачу пачхьалкханна тар бахьана долуш. Иза данне а дац, цуьнан байтийн оригиналаш гочдарех эшна ю бохург.
Гамзатов Расула шен байташ ма-ярра гочйойтуш хилла, цундела тоьлла нисъелла уьш оьрсийн маттахь а
Ткъа муьлха гочдархо тоьлла ву – иза суна хала ду ала. Вуно дика яздархо а, гочдархо а волчу Солоухин Владимирна тIедаьхьна хилла Шахтамановс дина "Сан Дагестанан" гочдарш, цо аьлла боху: "Сан кхуьнца дан хIума дац, хIара хилла даьлла литературан гочдар ала торлуш йоза ду". Делахь а, книгин гочдархо лоруш ву Солоухин, суьйлийн маттахь йолчу оригиналах "Сан Дагестанах" башха къасталуш а яц.
– Кавказан къаьмнашца юкъаметтигаш муха яра Гамзатов Расулан? Хьеший барий цуьнан кавказхошлахь?
– Гамзатов, кхеташ ду, тоьлла болчу Кавказан векалех ву. Цо ша а лоруша ша ерриг Кавказан векал, ца лоцура цхьана къоман гурашка, иза цуьнан кхоллараллехь дуьззина гуш а ду.
Дудаевс Расул Гамзатовична кIайн "Мерседес" а луш, элира: "Ас хIара хьаьрса блондинка ло, леррина Германера ялийна
Къаьсттина герга вара иза нохчашца а, гIалгIашца а. Иза-м массо а къаьмнашца вара уллера. Йовха юкъаметтигаш лелайора цо гуьржийн яздархошца Думбадзе Нодврца а, Абашидзе Ираклийца а. Доккха гергарло дара цунний, гоьваьллачу хелхарчина Эсамбаев Махьмудний юкъахь.
1993-чу шеран ГIадужу-беттан 8-гIа суьйре – Гамзатов Расулан 70 шо дуьзина де - лаьтта суна дагахь. Оьрсийн театре веара нохчийн Ичкерин президент Дудаев ЖовхIар. Цунна дош делча, ерриг а чоь яра ирахь тIараш детташ. Дудаевс Расул Гамзатовична кIайн "Мерседес" а луш, элира: "Ас хIара хьаьрса блондинка ло, леррина Германера ялийна, ПIетаматан (Гамзатов Расулан зудчун цIе – Ред.). эмгар ю хIара. Оцу заманахь вуно доккха совгIат дара иза.
Дудаевл тIаьхьа, карахь книжка а йолуш, хьалавелира цхьа векъна поэт. Чохь боьлура массо а. Иза хаза велира кIелхьара, элира: "Хьоме Расул Гамзатович, нохчийн президентал: цуьнан элин совгIатал тIаьхьа со сайн книжкица цхьаьна туьйранерчу паччахьан шахьарахь даьхначу, иза декъалван дахначу зингатах тарло. Зингато текха буьххье а даьлла, чамхалг кховдийна паччахье кху дешнашца: "Хьан сийлалла, хьан сийн барамал дац хIара, соьгал болчу ницккъал ду". Наха дехха тIараш диттира поэтан аьллачунна.
Советан Iедал доьхначул тIаьхьа гочдархойн школа юьйхира, паччхьалкхо мах ца лора гочдарш дан а, уьш арахеца а
Расул Гамзатовичан я суьйлийн маттахь-оригиналехь а, я гочйина оьрсийн маттахь а арахецанза йисина "Кавказ" поэма.
Боккха сингаттам боллура Гамзатовна чохь Нохчий махкахь хуьлуш лаьттачух
Суна иза дагахь хаьа цхьана декъанна. Цу тIехь историн тардарш ду, къена Толстой ву, охьатаьIна, баI тергалбеш, Кавказехь, Нохчийчохь, цIий Iенаш сагатдо цо, дагалоьцу Лермонтовн "ОьгIазе нохчо текха берда йисте, Ирдеш ву шен шаьлта" могIанаш. Расула шен поэмехь боху, ша а кхайкхинера вежарийн цIий Iеначу оцу пхьоьхана. Доцца аьлча, боккха сингаттам боллура Гамзатовна чохь Нохчий махкахь хуьлуш лаьттачух.
– Ахь дуьххьара хьахош бац Гамзатовн арабовлаза бисина белхаш. Зорбане бовлаза дукха буй уьш?
– Расул Гамзатовичан арабовлаза дисина белхаш бу цо шен весетехь охьабагарбинарш, оьрсийн матте а бу уьш баханза. "Шераш а, некъаш а" кочаран байташ а, суьйлин поэтан Махьмуданний, йоьIан Муинний декъазчу безамах йолу поэма а, "КхоалгIа зуда" поэма а, "Сан Дагестан" книгин кхоалгIа дакъа а, дуккха йоца байташ а – суна уьш дагайогIу, цуьнан цIерачу тептаршкахь хуьлучух тера ду уьш. И белхаш бисина оьрсийн матте баханза, хIунда аьлча, Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа юьйхира гочдархойн школа а, дика гочдархой бацара, пачхьалкхо мах ца лора гочдаршна. Ткъа вон гочдархой Гамзатов Расулна оьшуш бацара. Суьйлийн маттахь цуьнан йисина оьрсийн маттахь стомма книга арахеццал байташ. Бакъду, уьш ца кхаьчна шаьшка суьйлашка а – цуьнан цIахь йисина, сайна дагахь йисинарш-м хIитталур ю соьга метта.
– Стенгахь дIавоьллина Гамзатов Расул, муьлхачу суьртахь ду цуьнан каш, нах лелий цунна тIе?
– Тарки-Тау ломан когашкахь, Каспий а, ХIинжа-ГIала а гуччохь лаьтта Гамзатов Расулан каш. ХIинжа-ГIала кхочучу хьешийн зерат ду иза. Гамзатов веллачу дийнахь а, Гезмашин-беттан "кIайн гIарагIулийн" даздаршкахь а богIу дерриг а дуьнентIера хьеший, боьлху уьш коша тIе. Циггахь дIайоьллина ю цуьнан цIийннана Гамзатова ПетIамат Саидовна а.
Цхьаберш реза бацара иза ша винчу лекхачу лаьмнашкарчу ЦIада юьртахь дIа ца волларна – цо ша а ма-яздинерий шен байташкахь, шена цигахь лаьтте верза лаьа, аьлла. Амма Гамзатов Расул ерриг а Оьрсийчоьнна везаш хилар а, цуьнан похIма тайначарна тIекхача болчу аьттонан а ойла йина, Дагестанан куьйгалло а, цуьнан доьзало а сацамбира иза Тарки-Таун когашкахь дIаволла.