ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Висмурадов: Къаьркъа мелла стаг хIаллаквийр ву-кх вай (+видео)


Висмурадов Абузайд а, Кадыров Рамзан а
Висмурадов Абузайд а, Кадыров Рамзан а

Къаьркъа мелла каравеана стаг "хIаллаквийр" ву аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан вице-премьеро Висмурадов Абузайда. Лацарал совнах, цунна гIуда а тухур ду, машен лело бакъо а схьайоккхур ю, кхин а тIе таIзарш а лелор ду аьлла цо.

"Къаьркъа мелла стаг дIавахийта ца веза, иза чуволла веза, гIуда тоха деза, массо а хIума а тоха еза, цунна цхьа а пощада яц. ХIаллаквийр ву-кх вай къаьркъа мелларг, дополнительно вай еш йолу наказани а йийр ю, вай наказани муха йо, вайна ма хаьа", - элира Висмурадовс социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь.

Цуьнан дIахьедарна тIаьххье полицин белхахоша рейдаш йолийна корта бахон маларшна дуьхьал, республике чуоьху машенаш а толлуш, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Масех шо хьалха дуьйна Соьлж-ГIалахь цхьана гипермаркетехь бен дохка могуьйтуш дац маларш, делахь а, ницкъахоша ца магадо меттигерчу бахархошна цу чуьра эца а.

Стохка Гезгмашин-баттахь психотропан молханаш мийлина аьлла, рогIера юха а бехкебечу кегийрхошкара бехкаш дехира Куьршала кIоштан полицин хьаькамо Агуев Рустама. ГIишлошъечу меттигашка уьш балха нисбар тIедиллина цо. "ЧП Чечня" инстаграм-паблико шайн аккаунтехь Iораяьккхинера, лецна балийначаьрца "кхетош къамел" ден видео.

"Вайн кIоштахь наркоманаш а, къаьркъанчаша а хила йиш яц. Оха могуьйтур дац. Аш къаьркъа моьлу, молханех пайда оьцу, тIаккха машенашкахь некъаца бохамаш латтабо, нах бойъуш. Кеста школе даха дезачу шайн берех дог ца лозу шун? Молханаш а, маларш а лелош ду шу - эхь ду шуна"! – бохура Агуевс лецначаьрга.

ГIишлошъечу меттигашка уьш беза белхаш бан дIахIиттор тIедожийна полисхойн куьйгалхочо.

"ГIишлошъяран объекташкахь меттигаш лаха, доларнаш а мегар ю. Цигахь балха дIатарбе и нах. Дийнахь эзар соьмана цара пайда бахь а, иза а доккха гIуллакх ду", - элира полисхойн куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG