ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса уьнах 32 дархо велла. Вирус къаьстина кхин а 804 стагаца


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 32 дархо, вирус гучуяьлла кхин а 804 стагаца.

Оперативан штабан информацица, Краснодаран кIоштахь велла 17 стаг, Ставрополан махкахь - пхиъ, Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а кхоккха, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а шишша пациент кхелхина уьнах.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь эпидеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 7 283 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса динчу зерашца, къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставрополан кIоштахь - 216 дархо.

Ставрополан кIошт + 216 (44 73I ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран мохк+ 176 (35 497)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 82 (19 623)
Дагестан + 72 (28 740)
ГIалмакхойчоь + 62 (18 118)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 59 (18 190)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 50 (15 006)
ГIалгIайчоь + 32 (14 305)
Адыгей + 34 (13 416)
Нохчийчоь + 21 (11 066)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш 218 692 стаг ву.

Оперативан штабан статистикаца, Оьрсийчохь тахана, Чиллан-беттан 10-чохь 4 012 710 дархо ву коронавирусца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG