ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна дуьхьлоечарна гIуданаш лакхадаьхна депутаташа


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Полицин белхахоша аьлларг цадинчунна тухучу гIуданийн барамаш лакхабохуш низаман проект тIеэцна пачхьалкхан Думано тIаьххьарчу ладегIаршкахь, яздо парламентан лахарчу палатан сайтехь. Эзар соьма тIера деа эзаре гергга гIуда кхачор ду тIейогIучу заманчохь низам ца лардинчунна, шолгIа а цуьнгара ледарло ялахь - 20 эзаре гIуртур бу гIуданан барам.

Цул совнах, низаман проектца а догIуш, кхелахойн бакъо хир ю бахархошна 20 эзар соьмана гIуда тоха, ткъа юридикан статус йолуш волчунна 200 эзар сом гIуда тоха магор ду, митингашна ахчанаш даларан низамаш дохадахь.

Дукха хан йоццуш Думехь тIеэцначу низамца, митингашна ахча дала бакъо яц арахьарчу пачхьалкхийн бахархойн, ткъа акцеш вовшахтоха ахчанаш кара а ца луш, Оьрсийчохь йиллинчу банкан чоьта тIе даха деза, шайн цIераш а къастош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG