ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказан Имаратна" ахчанаш гулдеш хиллачу нохчашлахь талламаш бина Бельгехь


Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн организацешна, шайлахь "Кавказан Имарат" а йолуш, ахча вовшахтухуш хиллачу гIоьналлин юкъараллан 28 белхахошлахь талламаш дIабаьхьна пачхьалкхехь, яздо Бельгин зорбанаша. Доккхачу декъана, талламаш бина Фландрин малхбузерчу декъехь.

Дукха хьолахь "Кавказан Имаратан" агIончех хьакхаелла рейдаш. КIира хьалха листина цара и нах, амма талламаш бечу юкъанна, информаци Iораяьккхина ца хилла. Делахь а, лаьцна вигина стаг а вац.

Хьалхо хааме даьккхира, Нохчийчохь тIемалойн тоба хIаллакъйина, шайлахь эмир Бютукаев Аслан а волуш аьлла. Къилбаседа Кавказехь кхоьллина хиллачу "Кавказан Имарат" тобанах бисина тIаьххьара жигара гIаттамхой бара уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG