ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Меттигерчара шаьш ойла ян еза, декхарш муха гулдийр ду"‌. ХIун хир ду "Газпром" регионера дIайодахь?


‌Шена хуьлуш йолу харж лахъярхьама, Дагестанехь ша бен болх лахбан гIерта "Газпром". Республикехь газ латтор а, иза дIасаекъар а керла кхуллучу юкъарчу операторе дIадала дагахь ю корпораци. Эксперташна гарехь, оцу хийцамо хьадийр дац махкарчу бахархойн хьал.

Дагестанехь федералан юкъара оператор а кхоьллина, республикера шайн ерриг а активаш цуьнга дIаялийтар дехна Оьрсийчоьнан премьер-министре Мишустин Михаиле "Газпроман" куьйгалхочо Миллер Алексейс, хаам баржийна "Коммерсанто".

Журналисташа бахарехь, "Газпром" оцу хьесапехь кIелхьаръяла гIерта шена Дагестанехь хуьлучу харжех. И харжах кхуьу, коьртачу декъанна, бахархоша газах мах дIалуш бацарна а, шаьш-шайггара биргIанашна тIе а тийсалуш, ягориг маьхаза дIаузуш хиларна а. (2020-чу шеран ГIадужу-беттан I-чу денна дагестанхошна тIехь дара 14,9 млрд сом газан декхар).

Миллера бахарехь, ситуаци тоян гIертарх гIуллакх хуьлуш дац, "накъосталла ца хуьлу Дагестанерчу меттигерчу Iедалера". Делахь а "Газпром" юьсур ю махканна газ лучу компанин статусехь.

Дагестанехь декхарш кхиина наха "вовшашна озабезамаш беш хиларна"

Дагестанехь Iедалан а, ницкъхойн а тидаме южу "Газпром" кест-кеста. ДIаяхначу гурахь талла долийра "Газпром межрегионгаз Махачкала" фирмин инарла директорна Анастасов Владимирна духьал гIаттийна бехктакхаман гIуллакх. Иза бехкево яйъинчу, лачкъийначу газан мах меттахIотто гIерташ, цо бахархошна тIе доцу декхарш яздина хиларна. Талламо бахарехь, Анастасовс а, цуьнан накъосташа а газ лачкъийна 5,8 млрд соьманна.

Регионийн проблемийн институтан директорна Журавлев Дмитрийна хетарехь, Дагестанехь газах декхарш кхуьу наха "вовшашна озабезамаш беш хиларна".

"Муьлххачу а компанина дуьхьал хьуо цхьаъ лаьтташ хилча, оьшу хьо. Мах охьабуьллу ахь, ца биллина стенга гIур ву? Хьо мел кIоршаме стаг хиларх а охьадуьллуьйтур ду хьоьга ахча. Ткъа гонах мел верг хьан гергара стаг хилча? Полисхо, гIуда дIагулдеш волу инспектор – массо а хьан гергара хилча. Цара ойла йо: "Вайна юкъахь барт хилчхьана, "Газпромна" хилахьара шена луъург! " Иза дац Дагестанера нах Якутскерчел, Москварчул оьшуш бу бохург. Иза ду Дагестанехь дерриг а гуш йолчу "Газпроман" тидамера вала атта ду бохург, хьоьга декхар дIадеха богIурш хийра нах бацарна, хьан гергара нах хиларна. Гергарлонаш оццул чIогIа лелачу юкъараллехь хала ду и болх кхочушбан", - боху Журавлевс.

"Газпроман" тидамера вала атта ду, декхар дIадеха богIурш гергара нах хиларна

Цунна хетарехь, декхарш кхиар дозу республикерчу экономикан ситуацица, дахаран хьелаш ледара хиларца. "Барам боцуш лакхара ю белхазалла, амма чай кхехкош газ ца лелийча ца волу цхьа а", - билгалдоккху эксперто.

"Газпромо" махкахь керла хьукмат а кхоьллина, цуьнана кара газ йохкар а, дIасаекъар а далар доьху нахе шайгга оцу хьукматехула декхарш гулдайтархьама, охьадахкийтархьама – амма оцу некъо цхьана ханна бен лур дац оьшу жамI, аьлла го Журавлевна.

"И керла кеп юкъаяккхаро хьал хуьйцур дац. Керла хьукмат схьаелларх, къоьлла дIагIур яц Дагестанера, коьрта бахьана къоьлла ю – ткъа цунна цкъачунна деш хIума дац", - элира Регионийн проблемийн институтан директора Журавлев Дмитрийс.

Политолог Эдуард Уразаев а шек ву "Газпромо" йилла хьоьху керла хьукмат схьаелларо декхаршца долу хьал хуьйцур ду бохучух.

Цунна гарехь, декхарца, газан биргIанаш тоярца йозу проблемаш юьстах а юьтуш, шен саяккхар дIадахдан гIерта "Газпром".

"Зама еара газах догIу ахча нахера гулдала доьлла, амма хIоразза а цхьа гIурт юкъаоьккхура. Дагестанехь болх бечу "Газпроман" хьукматийн куьйгалхошна дуьхьал айдинчу бекхтакхаман девнашка ладоьгIча, уьш шаьш бу бехке. Федералан а, меттигерчу а Iедална декхарш гулдарца долу шайгара жоьпалла дIа а делла, парггIат баха лаьа "Газпромерчу" хьаькамашна: "Оха газ дIаелла, жоп цунах лойла бухарчу Iедало. Нагахь санна нахера декхарш цо схьагулдеш дацахь, оха федералан я меттигерчу Iедалан бюджетера дIаоьцур тхайн ахча", - иштта го Уразаевна "Газпромо" керла хьукмат кхолларца йоьзна Iалашо.

Дагестанан экономика ледара хиларна, иза деккъа дIа «базарша» латтош бен яцарна кхуьу газан декхарш махкахь, боху Уразаевс а.

"Дагестанехь тIех сов ю базарш, халкъанна кег-мерса хьелаш мехах латтош йолу меттигаш – ткъа уьш а еха, цхьана агIор, Iедална луш ял а йоцуш, вукху агIор, ял, коррупци юзош, цунна луш. Напха кIезиг карадо бахархошна хьовха, хьукматашна а. Дагестан яьккхина лела коррупци, и бахьана долуш а кхуьу махкахь газах декхарш. Доллучунна а бахархой бехкебар нийса дац. Цундела кхузахь массо а агIонаш талла еза, цхьабосса, массо а Iедалан дакъош арабдовла деза юкъахь болх бан", - аьлла хета политологна Уразаевна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG