ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦӀаьххьана алсамдаьлла Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а доьзалш къестар


ДIадахначу шарахь Къилба а, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь а дикка лахделла доьзалш кхоллар, йоллу Оьрсийчохь а санна. Делахь а, къестарш алсамдевлла го Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а.
Терахьашца аьлча, стохкалерачу II баттахь 770 эзар зуда ялийна меттиг бу, иштта 564 эзар доьзал боьхна, хааамбо Росстато.
Краснодаран кIоштахь дукха доьзалш кхоьллина (33 эзар доьзал, 20I9-чу шарца дуьстича 79%), Ростовн кIоштахь (20 эзар, 78%), Дагестанехь (I4 эзар, 93%).
Оцу юкъанна, Кавказан массо а регионашкахь, цхьа Нохчийчоь йоцург, 2020-чу шеран Дечкен-баттера -ГIура-батте кхаччалц билгалдаьлла керла доьзалш кхоллар лахдалар.
Доьзалш дукха къистина хиларца билгалъяьккхина Краснодаран кIошт - стохка 25 эзар хIусам йоьхна цигахь.
Федералан гонашкарчу I5 регионехь, анннекси йина ГIирма а, Астраханан кIошт а, Дагестан а, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а йоцург, лахделла къестачийн терахь.
Дазначу шарахь Нохчийчохь I 457 зудий, майрий къаьстина, хIинццалц хиллачул а 20 процентна лакхара ду терахь. Дагестанехь 8 % совдаьлла къестар.
Коронавирусан пандемино а, массанхьа а дIахIоттийначу карантинан ражо а новкъарло йина керла доьзалш кхолла.

Керла доьзал кхоллар ЗАГС-хула чекхдаккхарна дуьхьал ву ша аьллера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2017-чу шарахь. Цу гIуллакхо эххаре а доьзал боха бо, цунна хетарехь.

"ЗАГС – цатешам бу аьлла хета суна. Кехат тIе куьг таIорца бохош бу доьзал. Иза цатешам бу хIусамдена а, хIусамнанна а юкъахь. Со дуьхьал ву цунна", - бохура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Russia Today телеканалана интервью луш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG