ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Марша догIийла Нохчийчу" цIе йолу фильм "Оскаран" шорт-лист юкъаяхна


"Марша догIийла Нохчийчу" цIе йолу, гейшна тIаьхьабовларх яьккхина кино "Оскар" совгIатан шорт-листа юкъаяхна. Американ кинематографин исбаьхьаллан а, Iилманан а Академино зорбане даьккхина номинантийн тептар.

Франс Дэвидан документалан филм стохка аьхка Американ НВО телевизионан платформе яьллера, цул хьалха Цхьаьнатоьхначу Штатийн Sundance кинофестивалехь гайтира.

Кинон коьрта турпалхой бу, Нохчийчуьра дIабаха хьийза ЛГБТ-юкъараллан декъашхой.

Оьрсийчохь официалехь йовзийтира кино стохка ГIуран-беттан 16-чу дийнахь. Цуьнца доьзна бакъоларъярхоша онлайн-форматехь горга стол дIаяьхьира, Нохчийчуьрчу ЛГБТ-н декъашхойн проблемех лаьцна.

Кремелехь дуьхьал хилира Франсан филмах бистхила. "Цул а коьрта. яккхий проблемаш ю тхан", - аьллера Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

2017-чу шарера схьа Нохчийчуьра 200 гергга ЛГБТ-нах арабохуш гIо дина шаьш аьлла, дийцина Кавказ.Реалиига "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан" векало Истеев Давида.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG