ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь масканаш лелор яц


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбина, масканаш лелор махкахь юкъарадаьккхина ша аьлла.

"Нах гуллучу меттигашкахь масканаш лелор юкъарадоккху оха. Делахь а, COVID-19 вирусан кхерам болчу баккхийчара а, цомгашчу наха а, оцу уьнах чекхвалазчо а лелийча бакъахьа хир ду", - яздина Кадыровс шен Телеграмехь.

"Регионера хьал дукха лерина зийначул тIаьхьа" бина шаьш оцу кепара сацам боху нохчийн урхалхочо.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс аьлла, шайн республикашкахь долчу эпидемиологин хьоле хьаьжжина, сацамаш тIеоьцу куьйгалхоша.

Оьрсийчоьнан регионашлахь 80-чу меттигехь ю Нохчийчоь ун даьлла нах дукха хиларца. COVID-19 вирус текхна Нохчийчохь 11,1 эзар стага, 100 сов ву велларг.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG