ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера "палтосург" лаьцна Нохчийчохь


Холмачалла лелош хилла аьлла, полисхоша лаьцначу Гуьмса кIоштарчу Ойсхарара яхархочуьнгара Махмудова Заремигара бехкаш даьхна исламан медицинан центран куьйгалхочо Эльжуркаев Адама.

Пачхьалкхан "Грозный" телеканало дийцарехь, дарбанаш лелош, бIаьрг хилийта, тIера баккха хIуманаш лелош хилла цо.

"Тоххара массаж еш хилла, хIинца дарбанхо йолу Махмудова Зарема пал а туьйсуш, зуда а, доьзал а болу стаг шена тIеверзо гIоьртина. Гуьмсан полисхоша цуьнан хIусамера суьрташ а, холмачалла лелон кеп-кепара гIирсаш а баьхна", - аьлла яздо интернете яьккхинчу публикацина бухахь.

Иштта репортажехь БIачи-Юьртара ши яхархо а гойту, Махмудова Заремина тIеоьхуш хилла йолу. "Массаж яйта лела а бохуш, бозбуанчалаш леладойтуш хилла цу шиммо", - боху сюжетехь журналисто.

Исламан дарбан центрерчу коьртачу говзанчас Эльжуркаев Адама дIахьедина, дино дихкина, доккха къалеташ хIума ду зудчо лелориг, аьлла.

Махмудовас чIагIойина кхин иштаниг ца лело, нахе дехна цо шена къинтIерабовлар.

Исламо зуламе лоруш хиларца а дузуш, лецна палтийсархой, «хIумахуурш», седа-жайна хьуьйсурш дуккхаза а гайтина махкарчу телевизионо. Церан юьхьйохург хIоразза а хуьлу Эльжуркаев Адам.

Холмачалла лелош хилла цо аьлла, меттигера яхархо Махмуева Шема лаьцнера Нохчийчохь полицино кху шеран Дечкен-баттахь. Цхьана хIусаман кетIа цо туьханан кана тосучу хенахь видео а яьккхина, лулахоша Iедале хаамбина хиллера цунах лаьцна, дийцира "Грозный" телеканало.

Оцу юкъанна, билгалдаккха догIу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо латтош йолчу исламан медицинан Центрехь иштта жинаш лоьхкуш, халкъан дарбанаш леладо. Оцу Центран куьйгалхо ву Эльжуркаев Адам.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG